Кхоьру со

Кхоьру со,ца йитахь
Дахарехь лар,
 Бакъдолчу дуьненахь
Сама ца яла,
Цунна хир кхузахь сан
Сел синтем бар-
ма-хуьллу лаар а
Ц1е дашца кхала.

    *     *    *


Деша йоьдуш со
           Тхан дас йоьг1на беш
Кхии,хьекъаш стом,
            Ц1енна пайда беш.
Ткъа со-м лела тилла,
            Синан бешахь яьлла,
             Заза доккхур бохуш,
Стом хир маццаъ бохуш…
             Сан дас йоьг1на беш
Х1инца-м къан а елла…

         *      *      *
Уггаре сан луьра
Мостаг1 ву «дов»,
И бахьна хуьлу-кха
Хийланна чов…          
***   ***   ***
ТОБА 6

Кхин ца лато б1аьргашца,
Лергашца,маттаца къа,
Тахана ас тоба до.
Лерсица,б1аьрсица,
Мотт лебан хаарца
          Кхоьллинарг,
Ас ч1ог1а доьху Хьоь
И тоба сан къобалдар.


               
               *      *      *
Т1уьна т1адам,                Хьох хилира адам:
Хиларна и Делан                Боккха лаам.
Хьуний бен ца делла
Хьекъал-кхетам,
Цуьнца делла иман,
Эхь-къинхетам,
Диканца уьш декхар
Ду хьан декхар
Хилале хьайх,адам,
Юхаъ т1адам…


Рецензии