Луо дог1уш

Эзар дакъа хилла,
Бамбийн кондар т1ома хьийза.
Х1аваъ дека
Г1ура озах, багабеш кийра.
Къайчу метта,
Iаьнан буьйса туьйранах юьжу,
Б1аргийн цкъоц1мах,
Маша хилла,седарчий лоьцу.


Рецензии
Бамбийн кондарх хилла эзар дакъа-шатайпа метафора.
Ткъа х1ара ерриг а байт а ю хьан яьржина(развернутая) метафора.
Йоккхае,хьо йолуш,Тамия.
Цхьалха дац вай кху стихирун арахь.
Дала аьтто бойла хьан,кхоллараллехь кхиамаш лойла!
Денна ч1аг1лучу лерамца

Петимат Абубакарова   10.04.2013 15:48     Заявить о нарушении