на чеченском

СТИХАШ


ЛААМ

Ойланийн тулгIенан дукъ тIе а болий,
ДIабоьду сан лаам малх-дуьне гездан...
ДIабоьду, дIабоьду, тIома а болий,
Шадерриг шен хеташ, самукъадолий.

Стигалан Iаьршашкахь меттамотт лаца,
Ша кхуллуш даьгначу сан дагна баца.
Бахьанийн къайленаш катоьхна талла,
Ша санна, лаамаш леллачохь лела...

Дахарца ницкъ къуьйсуш, дуьхьало арда.
ДIабоьду, дIабоьду хьекъалах кхарда.
Боьдучу дIакхаьчча – шеха дог даккха,
Сатарха ал-Iинчу тIам-ваьшта эккха...


* * *

Гуьйренан гIайгIа ю лаг лаца гIерташ.
ГIайгIанан бала бу са лаца гIерташ.
Со шеха кхийринарг тIекхечи суна,
ГIенаха мел гинарг самаха хили.

Куьйгаш тIехь лелийнарг мостагIа хили,
Ас емал мел динарг дог кIеда карий.
Со шеха кхаьрдинарг тIекхечи суна.
ГIенаха цагинарг самаха хили.

Моьттура, сайн бен дац сайх доьзна дерг,
Моьттура, нехан ду нахана хилларг.
Кхечунна тIедеъча, ас атта лайна –
ГIенах а цагундерг самаха хили.


* * *

Меттамотт биллина, меттан мотт Iамийна,
Iожаллин амало билгало кховдийча,
Сайн цIарах вуон-дика жамIате гулдина –
Цхьа лаам бара сан… кхочушбан йиш хилча.

Сайн вонийн йозалла белша тIе йиллина,
Дикано белла ницкъ хьорзамх хуьйдина,
Сан гIатта ойла ю кIайн кисин меттара —
Дуьсучу дуьненах бIаьрг буза тIаьххьара...

ГIатталахь, гIаьттина гIоттучу малхаца,
Бераллин некъашца эвлайисте вера ву.
Оьмаро хьаькхна сиз къаьстачу гу тIера,
Гилгаме жилIалам бIаьрсица хьостур ду.

Вахалахь, умматан кешнашка вахана...
Хьомсара хиллачийн баьрзнаш тIе хIоьттина:
Дуьненна къинтIера со вала хьожур ву,
И сайна къинтIера со даккха хьожур ву...


* * *

Ас дIаьвше мел  аьлларг
Кханенга кхийда –
Дегайовхо кIаце еш,
Тешамаш зарз а беш.

Ас дIаьвше мел динарг
Кханенга кхийда –
Сан аьтто хьошу дерг
ИркарахIиттадеш.

И дIовш сох даьккхинарг,
Чкъор кIамдеш, доьлу –
Сан доцчу собарах,
Сан боцчу кхетамах...

САН КЪАМ

Синойн дуьхьа марха кхобуш,
Дилхан дуьхьа латта охуш,
Кхуьу адам –
Кхуьу сан къам.

Берийн дуьхьа хало токхуш,
Биэхкан дуьхьа Iазап токхуш,
Кхуьу адам –
Кхуьу сан къам.

Зерийн дуьхьа шахьар юьллуш,
Заан дуьхьа вала дуьллуш,
Кхуьу адам –
Кхуьу сан къам.


ДОГIА  ДОГIУШ

ДогIа догIуш, вайн синош аналле леста,
Ткъа кийра уьншерийн гIайгIанаш кхерста.
Ша-шеха къахетий, дог делха хIутту,
Кхолламна тIехьаьрчий, иэс Iеткъа хIутту.

Юхалиста хIутту и дIадаьлларг-хилларг.
ТIехдетта хIутту и ас юкъахдитнарг.
Юьхьдуьхьал даладой сох даьлла зулам,
БIаьрхьалха ухьу цо сан къинан бустам.

Дозаллин лаг лоьцуш, и горахIиттош,
Куралла доьналлин дозанехь латтош,
Сан хIора аьлла дош кханенах детта,
Лаьхьлаамийн стелаIад мокхазах детта.

ДогIа догIуш, вайн синош аналле леста,
Ткъа кийра махьшеран гIайгIанаш кхерста.
Дуьненах къахетий, дог делха хIутту,
Кхолламах ца кхетий, са холчахIутту.

ТАДУХЕППИЭНДИШКЕ...

Сан ца хилла, хьо хьенан хир ю?
Соьца доцу ирс хьаьнца карор ду?
Тешам эшначохь дуй баар нислуш,
Суна санна, хьо хьанна езнера?

Дуьне духучохь хьаьнга кхойкхур ю?
Дуткъа синпардо лера мила ву?..
Орцахдеана мас-малик делош,
Суна санна, хьо хьанна езнера?..

Суна санна, хьо хьанна йоьлур ю?
Бала базбелча, хьанна йоьлхур ю?..
Динчу доIано диканиг хьоьхуш,
Суна санна, хьо хьанна езнера?..


*  *  *

Ас къовсур яра хьо дахаран къайленца,
Дахаран къайленаш хьан хьоме хилча.
Къевсина хир яра дуьненан хьелашца,
Мах къовссий, цара хьо оьцуш ца хилча.

Ас дуьйцур дара хьоь, мел дукхаеза,
Безаман хотешкахь хьо лелаш яйча.
Шадоллу дог даста хир вара реза,
Со дохко воккхуверг хьо йоций хиъча.

Ас хьоьстур  яра хьо къоначу шовкъаца,
Дуьненах къахетта хьо йоьлхуш яйча.
Бахьанаш ца лоьхуш – шеконех цIинвелча,
Ас къовсур яра хьо дуьненан къайленца.


МЕГАР  ДАРА
 
Цхьа тамехь там бижна хьан некхан уьн тIе, 
Ши бIаьрг бу хьажийна шайтIанан бIаьра.
Лаамах лаьхьа бан хьуо говза хилча,
Мегаш дерг магийта мегар ма дара.

Куьг коча лестадеш, цкъоцкъамаш ловзош,
Мегар дара, со воьхуш, цкъа акхаяла…
Хьайн дашо и корта аркъала сеттош,
Цкъа соьца дуьненна къинтIераяла.

Суьйренаш йицъяла седарчий дара,
Со хьоьца вицвала хьан ши бIаьрг бара.
Синхаъман сий далла, хьуо хьоме хилча,
Мегаш дерг магийта мегар ма дара.


СО  ВОЛЧЧОХЬ…

Цхьаъ-цхьалха хьуо йисча, хьайн шерийн сонехь,
Суьйренан йозалло логашад лаьцна...
Сох тешна цхьа ойла тIам шера йиснехь,
Хьоь тийса са долчу –
Со волччу йола!

Хилладерг — хилла ду — цамоьттург хилла,
И сийна стигланаш бахьанех йозу.
ГIад-амал карчале лааман тхишла,
Хьуо хьеста суй болчу –
Со волччохь хала!

Массара лоьху ирс хьо лехна яьлча,
Массо а кхочучу гIайгIане кхаьчча...
Дуткъделла са дахьаш схьайола сихха:
Хьайх хета къа долчу –
Со волччохь елха!

Оьмаран терахьаш жамIашна къарлуш,
Даг тIера дужур ду бIаьстенан зезаг...
Дегаза дахаран бIаьра ца хьоьжуш –
Хьуо декъалъян луъчу –
Со волччохь яха!

ЦА  ОЬШУ


Ша мерза дахийна зовкх хьоьгу вайн синош,
Iодика буоча еш, тIаьххьара хьаьстина,
ДIабаха вайн безам, шен сирла сауьйзуш,
Ша богIуш деанчу ирсах а хьаьрчина.
Ца оьшу, ца оьшу, хьо елха ца оьшу.
Ца оьшу, ца оьшу, со воха ца оьшу.

И дашо гIаланаш шен куьйга харцийна,
Зазала кирчина сатийсам мерцина,
ДIабаха вайн безам, шен сирла сауьйзуш,
Ша богIуш деанчу ирсах а хьаьрчина.
Цундела ца оьшу, хьо елха ца оьшу.
Елхаза ца Iалахь, вайн къинна елхалахь.

Замано кхоьллинарг оьмаро кхачош ду,
Безамца яьгна хан паналле оьгуш ю.
Вайшинна доьгIна ирс кхин деха ца хилла,
Ха хоьрцу хIара дуьне цкъа доха дезаш ду.
Елхалахь, елхалахь, мохь туххуш, елхалахь.
Со воьхна хьайна гахь, вайн къинна елхалахь.


* * *

Бес-бесара гIаннабарш яйна,
Ца моьтту дика-вуон лайна,
Кхолламо аттачу дахарна
Куц хьарам диначу шарахь;

Хьан бIаьргийн серлоне дуьйлуш,
Хьан озан зевналла муьйлуш,
Сан къинна дилхина маликаш,
ДоIане хIиттинчу гурахь;

Хьомсарийн марзонаш лаьрра,
Марзонийн беркаташ лаьрра,
Лаьтта тIе боьссира къинхетам
Вай вовшийн девзинчу сарахь.


* * *

Цхьаъ лоруш ца хилча,
Цхьаъ везаш ца хилча,
Цхьаъ веззал, цхьаъ ларрал
Кийрахь дог ца хилча –
Ирча ду дахар.

Цхьа ойла ца кхаьбча,
Цхьа дика ца хьегча,
Схьатоьхнарг дIатоххал
Са акха ца хилча –
Хала ду дахар.

ПЕТIА

Орцадала! Орцадала!
Охьара – Чермойн лам тIе кхаччалц.
БIаьрго йоххол хаза ПетIа,
Сан безамна орцахъяла!

Жимчохь дуьйна гIийла баьгна
Ирсан седа серлабуьйлу.
Хьарам хиллал хьанал безам
Сан бIаьрсица гIарабуьйлу.

Сарахь суьйре ковра техкош,
Ховха сибат малхадуьйлу.
Вайшиъ вовшех хердан гIерташ,
Совра синош аьсхадуьйлу.

Орцадала! Орцадала!
Охьара – Чермойн лам тIе кхаччалц.
Орца деххал хьоме ПетIа,
Сан безамна орцахъяла!


ХЕТАРА

Ма хазахетара,
Ма хазахетара...
Шадолчун бала а кхочий,
Шадериг сайн долахь хеташ,
Цхьа дика сайгара даьлча.
И дика дикане доьрзуш,
Дахаран мIаьргонна дайча,
Ма хазахетара,
Ма хазахетара...
Ма халахетара,
Ма халахетара...
Цхьа дика дина со ваьлча,
И дика вонехьа доьрзуш,
Дахаран мIаьргонна дайча,
Ма халахетара,
Ма халахетара...


* * *

Масане дара и, масане дара?
Масийтта буо-буьйса масане кара?

Хьо йолчохь дара и, хьо йоцчохь дара.
Масийтта доьду де хьан меха дара.

Хьан дуьхьа дара и, сан дуьхьа дара,
Масийтта деха шо дацделча кура.

Хьан цIийца дара и, хьан сица дара,
Масийтта хазахетар хьан меха дара!


* * *

Ма-дарра дийцича, хьан цIе ю Шаймани,
Ма-дарра дийцича, сан цIе ю Гилани.

Ма-дарра дийцича, дезадетта ца оьшу,
Ма-дарра дийцича, хьо сетта ца оьшу.

Мел чIогIа кечъяларх, хазчарех хьо а яц,
Мел чIогIа мохь беттарх, тур текхаш со а вац.

Хьо иштта ю аьлла, хьалдолчу нехан а яц,
Со иштта ву аьлла, цецбуьйлуш тхайниш а бац.

Ма-дарра дийцича, хьо суна тоьуш ю,
Кхин мосазза дийцича, хьо соьга йогIур ю?

* * *

Акказийн баххьаша
Сагатдо, гатдо.
Пондаран аьзнаша
Са дуу, дуу.

Ойланийн жIамарша
Дог карзахдоху.
Вай декъал хиларе
Сатуьйсу, туьйсу.

Дуьне – малхах тешна,
Сан дог – хьайчух тешна.
Мерза, мерза дешнаш.
Сийна-сийна бIаьргаш.

Даг тIера йозанаш
Синхаъмо доьшу.
Безаман къиношна
Къинхетам оьшу.

Суьйренан зIаьнарша
Цхьаъ дуьйцу, дуьйцу.
Хьан хазчу шина бIаьрго
Кхин дуьйцу, дуьйцу.


* * *
Хила доьгIнарг  хIун ца хилла?
Хорша яза мила велла?
Шен лаамийн да а хилла,
Хьан я хьаьнга хIун ца аьлла?

Маьлхан дуьне мерза диъна,
Коьртан ойла даго йиъна,
Бохург хилла, аьлларг хилла,
Хьенан, мила коша вижна?

Вала воьжча, хIун ца хезна?
Дахар токхуш, хIун ца гина?
Я цагинарг дикне кхаьчна,
Лаьттан маьIиг хьанна яйна?


* * *

Вина...
шарахь,
гурахь...
/седарчий, седарчий!../

Дешна...
эццахь,
цигахь...
/зезагаш, зезагаш!../

Дина...
иза,
важа…
/ирхенаш, хьаьвхьенаш!../

Кхетта...
цунах,
кхечух...
/чоргIенаш, кеберташ!../


* * *

Са мел кхуьу, са кхиийна,
Дог мел кхуьу, дог кхиийна,
Хьеста езара, хаза Асет, –
Сан аьллар тIехь дуьне хилла.

ЦIий чехийна цIий хьаналдеш,
Бос керчийна сурт лаладеш,
Хьеста езара, хаза Асет, –
ГIенах гинарш самах хилла.

БIаьрг белийна церг елаеш,
Доь кхайкхина аз резадеш,
Хьеста езара, хаза Асет, –
Ойла мел ю дуьне хилла.


                Р ...
Дела реза хуьлда хьуна,
Хьайна гушшехь, со ца гарна.
Дела реза хуьлда суна,
Езча, еза ца аларна.

Дела реза хирий-техьа,
Хьан куралла сонта хилахь?
Дела реза хирий-техьа,
Хьан дог дасттал яхь ца хилахь?

Дела реза хир ву хьуна,
Схьа а хьаьжна, ела хIоттахь.
Дела реза хир ву суна,
Еза хьоьга аьлла валахь.

Дела реза хир ву вайна,
Вай вовшашна реза хилахь.
Йоьду зама тIома гина,
Йиснарг цхьаьна вайша яккхахь.


ЦА  ХУУШ

Хьо юйла ца хууш,
Хьо йоьлхий ца хууш,
Со хийла йоIбIаьрган
IиндагIехь лаьттина.

Хьо юйла ца хууш,
Хьо лоьхий ца хууш,
Ас хийла дика йоI
Дикане кхачийна.

Хьо хиларх ца тешаш,
Хьо елхарх ца кхеташ,
Ас хийла бакъ-марзо
Юьстаха латтийна.


* * *

Ас лехнарг безам бара,
Цхьа беккъа безам.
Суо-сайха ца хервен –
Цхьа башха безам.

Ас лехнарг адам дара,
Цхьа деккъа адам.
Тхи санна цахиларх –
ДогцIена адам.

Ас лехнарг дуьне дара,
Цхьа деккъа дуьне.
Сан лаъмехь цахиларх –
Некъ маьрша дуьне.


* * *

ТулгIа месаш,
Хаза бIаьргаш,
Мукъа  аьзнаш,
Беснийн кIаьгнаш.

Эла – хьажар,
Эла – саттар.
Ийна, тийна,
Ийна, хьийна...


МА  ДИКА  ХИР  ДАРА

Ма дика хир дара, со хьуна везча –
Сан дагна ма-луъу, ма-мадду везча…
Ас хьуна дуьйцур дара цхьа хаза туьйра,
Хьан метта со хьоьсту, исбаьхьа туьйра.

ГIаланаш югIучу дешнашка ваьлла,
Со дийца хIуттур вара, хIун аьлла еза.
Цу дешнийн да хила, яхь - тIома ваьлла,
Гойтур дара сайна хьо мел чIогIа еза.

Ахь соьга эр дара: «Дийцахьа туьйра,
Кхин цкъа а дийцахьа и хаза туьйра.
Кхин цкъа а алахьа, со хьайна еза,
Со хьайна мел еза, мел чIогIа еза!»


* * *

Ян-м еара...
Йиллинчу хеннахь
Йиллинчу метте.
Ца еара тера-мера-м –
Хазаллин герзаха
ТIанкьаьлла йоьттина.
Ца еара мил-милла а...
Цхьа дуьне деар-кха,
Исбаьхьа цхьа дуьне.
Иштта а да воцу
Са дахьа еар-кха.

Жим-тIамма йисинчу
Кураллин лаг Iовда.
Со шеха волале,
Салоцчу кховда.


* * *

Соьга – олу, дуьйцу;
Цуьнга – хьоьжу, йоьлу.
Со къинтIеравоху,
Веравуйла хууш.

Соцу, йоьду, йогIу –
БIаьргашца и лоьху.
Дика хета, боху,
И хьан доттагI волуш.

Хазахета боху,
Со цхьа дика хилла.
Соьга орца доху,
Дарехь доцуш хIилла.

Дерриг дуьне доьху,
Дуьне ша ду, бохуш.
Сан дог къаьхьа доьлху,
Iехаделлий хууш.

ЦКЪА СУНА


Цкъа суна эшнера хьан деган йовхо –
Сихалло са дуург, сих ца луш, далхо.
Совнаха ойланаш тIаьхьара яха,
Генара сатийсам куьг кхоче баха.

Цкъа суна хиънера хьан йилбаз хьаста –
Сан дукха хиллера цу сохьта къаста:
Де эшна висначохь, юхькIайча хIотта,
Де тоьлла деанчохь, хьо сайха хотта.

Цкъа суна лиънера хьо дола ерзо,
БIаьрсино эцале хьан куьцах марзо.
Сайчуьнца ца къуьйсуш, хьан дагца къийса,
Ховхаллин беркатан IиндагIе хийша.


* * *

Сатуьйсу тIеяре комаьрша и бIаьсте,
Декхаре ца вуьгу комаьрша и бIаьсте.
Зазаца, зезагца вайн дуьне хазделча,
Сансаро вуьгур ву – къоналлин хийисте.

Дехаре ца вахарх, сийна гIа лестар ду.
Стиглара седарчий сиегарехь лепарду.
Татоло, ха хоьрцуш, ойланаш яйлур ю,
Наб текхна гIоттур ву семсачу литта тIехь.

Куьг ма-дду, ког ма-ббу бацалахь керчар ву.
Олхазарш декар ду, сан хьоле ца хьоьжуш.
Дог эццал хьаналчу Iаламна воьлур ву –
Сахуьлуш, сахилча – мах боцуш, ял йоцуш.

* * *

Малх бузуш, малх гIоттуш,
Ма хаза хазло хьо,
Хаздаллалц даа доьгIнехь,
Исбаьхьа дуьне!

Дажало са лаьцча,
Ма къаьхьа къахьло хьо,
Къахьдаллалц даа хьаьхнехь,
ХIай мерза дуьне!

Дахарах  дог долуш,
Ма шийла шелло хьо,
Са даллалц лан деза,
ХIай маьлхан дуьне!


ХЬАША

Бераллин Iодика ян бахьна ца хIуттуш,
Къоналлин де дика дан хьекъал ца кхуьуш,
Дарвелла лела со, сайн ханна декъалван,
Цхьа хьаша йоьссира гIалара лула тхан.

Лиира хьуьнаршца и инзар-цецъяккха,
Цкъа цуьнга вистхила, къамеле и яккха...
Ткъа хьаша-м хье ца луш, сахуьлен седанца
Тхан юьртах елира гIургIезан боларца.

ХIинца а йиц ца ло хьийзина и месаш,
Диц ца ло тайна хьаж, лил-сийна бIаьргаш...
И юьртах елира, кхолламан куьг лаьцна,
Шен кIажийн пхенашка сан къона са даьхьна.


* * *

Безаман – Дао,
ТIекаран – Чао.

Дуьнене – лав ю,
Дикане – сценк ю.

Мехкаршца – жё тем,
Уьйрашца – синтем.

Берлинехь – киндер,
Стамбулехь – кимллер?


НОХЧИЙЧОЬ

Иман доцчохь синтем боцуш,
Эвлаяъ воцчохь тоба доцуш,
Орца даккхал цхьалха висча,
Ас хьо Деле сайна ехна.

Къа латийча, къера хилла,
Халкъан гIайгIа хорам хилла,
Хьераваллал зама зийча,
Ас хьо Деле цIарца ехна.

Нана йоцчохь ненан воцуш,
Ваша воцчохь бакъо йоцуш,
Иэсах валлал жоьра висча,
Ас хьо Деле цIийца ехна.

Пана махкахь пана висна,
Малик делхар сайна дисна,
Эрна арахь эрна висча,
Ас хьо Деле сайна ехна.

* * *

Сох мел летта къа малхадера ду,
Сан мел дайна ирс хьуна карийча.
Дуьне ма-дду со ахьа лоьхур ву,
Ирсах дуьзна дог ирсо лазийча.

Ас сатийсинарг хьанал карор ду,
Синан лаамо готта хьовзийча.
Дуьне ма-дду со ахьа лоьхур ву,
Ирсе кхийда дог ирсо Iовжийча.

Ас мел далхийнарг карладера ду,
Дуьрчу бIаьрхино бесни ягийча.
Дуьне ма-дду со ахьа лоьхур ву,
Ирсах хьоьгу дог ирсо човхийча.

* * *

Хьо ца гуш де-буьйса, хан-хене далахь,
Хьо йоьлу ца хезна де дийне далахь, –
Дилха дог хIун алий Iехаде ас,
ХIун алий, бехказаяккха ас хьо?

Хьох Iеха мел белла сатийсам хьоьстуш,
Хьо цхьаннах тар а лой, харц кхаьънаш дохуш,
ЮьхьIаьржахIуьттучу бIаьрсине хIун,
ХIун алий, къинтIерадаккха ас и?

Шийлачу шеконийн ца безаш бала,
Некъ лоьхуш, хьийза са – къинтIерадала…
Ас цуьнга хIун ала, хIун ала ас,
ХIун алий, бехказаяккха ас хьо?


* * *

ДIаяха...
ДIаяххал бен йоцчу амале йирзина,
Схьаеъна ялале, цхьа бахьна къаьрзина.

ДIаяха...
Ас оццул бIаьрг лецарх, ас оццул са лецарх,
Тазачу марзонийн верасан къа дийцарх.
Юьхьан бос ца хуьйцуш,
цкъоцкъам гал ца доккхуш.
Ваьштара ши балда меттах дIа ца доккхуш.

ДIаяха...
Суна ша мел езар – шен меха лерина,
Ша йоцуш со висар – сан хьокъах эрина.
Эринчух шад бина, марзонах къурд битна,
Довзаран ниIматах къастаран къахь йитна.




* * *

Долаяллалц, гIенах гира,
Долаяьлча, пах сенбира.

Ийна яллалц, са кIамдира,
Ийна яьлча, и малдира.

Яханчуьра ян ца кхеташ,
Хийла буьйса  байлахьора.

Ойла екъа адам эшча,
Невцан баьрччехь карайора.

Долаяллалц, гIенах гинарг,
Долаяьлча, пах сенбинарг.


* * *

Цкъачунна бохам бац кертахь…
Цкъачунна бала бац коьртехь…
ХIетте а жIаьла…
Тхан жIаьла ду угIуш
Садайчхьана баттана.

УгIарца летайо цо кийра алу –
Хоьтуьйтуш дуьненах цхьа саьхьар талу.
УгIу и, угIу и, цхьаъ хууш санна,
Адамна цхьа бала тIебуссуш санна.

***
Шелоно вигира пешана улле.
ГIайгIано кхайкхира ойланна юххе.
Шен хеннахь латозчу пешана улле.
Ши-бIозза йиначу ойланна юххе.

Бодане еара цхьа шийла буьйса,
Дегаза еара ша хьаьхна чилла.
Са хIовка доккхучух яра и буьйса,
Т1ом бахьаш еана яра и чилла.

Питано кхоьллира цхьа Iаьржа хьунаш.
Жинаша шелдира и довха дегнаш.
ЦIий Iано сатесна яра и хьунаш.
Дан дезарг ца хууш дацара дегнаш.

Питано лийринарг хилира кхочуш:
Т1ом баккха лиинчийн лаам ц1а кхачош.
Цхьана коша бийшира дукха а дика к1ентий –
Халкъана уггаре хьанала к1ентий.


ГIАДДАЙЧА...

Ца лаьа кхин цкъа а дуьнен чу вала,
Кхин цкъа а дуьнене со Iехавайта.
ЮьхьIаьржо йоцучохь – юьхьIаьржахIитта,
Къинхетам биэ бохуш, дажалаш хьеста.

Iожаллех уьду са – сийдоцчу дийла,
И дукхадезарах бехказавийла.
Ца лаьа йиш-ваша мах белла эца,
Адмалла йоцучохь, дог буйна леца.

Юха а дезар ду яхь яхьца къовса,
Экарчу къиношца маликаш делхо.
Тоъалчух тоамбан са доцуш говза,
Жималлехь елийна сайн нана елхо.

ТIаккха а  луур дац, доцу де  эгош,
Азаллин кхардамаш Абаде кхийла.
Харцонна дуьхьала харцо ца йоккхуш,
Дуьненнал  долу дог дуьненах къийла.

Доь-дилхан зоврана къила а вахна,
ГIертар ву къона дог шерашца къардан.
Вала воьжнарг дахарна реза ца гарна,
Дезар ду хIара дуьне цхьанна къахьдан.


* * *

Нанас дена вина вара
Оьзда, майра, дика кIант.

Нанас шена вина вара,
Елча, ерзор аьлла, кIант.

Юьрто вехча, вала дийзи,
Махко воьху аьлча, кIант.

Дийна висахь – несе кхийла,
Валар нислахь – коше йийла.


* * *

ГIийланиг хьийззол бен, кхин гуьнахь доцчу
Дуьненна хIун аьлла хIуттур ву хьалха?
БIаьрхишца бер лийчош йоллучу ненан –
ХIун аьлла доккхур ду цуьнан са малха?

Чурт хиллалц гездича когаца латта,
Кор хуьлий, догIало лач-готта лахьта...
Шен дикнехь ма-хиллар, сан вуонехь доцчу
Адаме хIун дуьсу цкъа ала-хатта?

Ма дика ду-кх валлалц бен ваха ца дезаш,
Эхартца дуьне бен хийца ца дезаш...

* * *

Дожа  гIа ду,
Хьежа малх бу.
Собар, лаам –
Кхета хан ю.

Валар – сахьт ду,
Висар – де ду.
ГIатта, лаам –
Кхета хан ю.

Мерза лазам,
Къаьхьа хьагам.
ДIагIо, лаам –
Кхета хан ю.

          

КХОЬЛИНА ДЕ

Сийсаш иэс ца Iара,
Кхоьлина де дара…
Воьлхуш Iаш стаг вара
ГIеметтахIоьттина.

Воьлхура, воьлхура,
Букъсурт а дегадеш.
Гонаха адамаш –
И гуш стаг вацара.

Я, гича а, дан хIума
Цхьаннан а дацара –
ХIоранна тIехIуттун
Кхоьлина де дара.

* * *

Сайчул а доккха дог хьайн кийрахь доллушехь,
Кхоон ца деззачохь и кхоон хIоьттича:
– Ма херве со хьайха, – ахь сайга доьххушехь,
Ас сайха херво хьо, са совра доттагI.

Ахь эхье мел дендерг сайн куьйга сецадеш,
Де эшна карийча, иркарахIиттавеш,
Лелачу сайха хьо, йист-бIаьрга иккхича,
Ас сайха херво хьо  –  читмара доттагI.

Дика-вуо къаьстачохь амал-пха керчина,
Ахь соьца лецира бух боцу Iаьржа хьагI.
Доцучу гIоранца со вайван гIоьртина,
Ахь айхьа херви хьуо – байттамал доттагI.

* * *

Ца ваьхьаш цатеша стешхачу ирсах –
Хьо езаш ларло со ларлучу вуонах.
Кханенга ладоьгIча, суо гIийла хета,
Аьрхачу безамца езаш хиларна.

Хьох аса йийра ю элашлахь эла,
Хьожур ву къурд бечу марзоне кхийла.
ХIетте а суна хьох кхоччуш къахета,
Безаман гIаланаш хаьрцаш хиларна.

Бу боху мехкарий нисбина гIоза,
Цхьаволчуьн кхаж болу – къежвала доьза.
Цундела суна вайх кхоччуш къахета,
Аьрхачу безаман амал йовзарна.


ГIАЙГIАНЕ СУРТ

Ма чIогIа лестайо,
Бухаяккха санна,
ЦIеххьана баьллачу
Мохо и аккази.

ГIа доьжна даланза
Зоьртала аккази.
Верасо йоьгIна и
Га хецна аккази.

IиндагIна, хIаваъна –
ЦIийнна хьалхха аьлла,
Уьйранийн безамна,
ТIаьхьенна аьлла.

Ма буьрса лестайо
Мохо и аккази.


* * *

Хьо ца хилча, со ца магахь,
Хьо йоцчуьнца ойла яцахь,
ВорхIе деха летта къинош
Со дIатакха воллу хьуна.

Хьо ца гича, со ца магахь,
Ахь цааьлларг дош ца хетахь,
ВорхIе ненах летта къинош
Со дIатакха воллу хьуна.

Хьо ца еззал доьза велахь,
Ахь ца Iеххол сема велахь,
Вешшехь, сайха летта къинош
Со дIатокхуш воллу хьуна...


* * *

Оьшшучохь къаьстар ву,
Эшшначохь юхаван.
Кхойккхучу вогIур ву,
Ца вогIуш вас ца ян.

Дуьненах хьулвелла,
Совваьлла суо ца ган.
Дош дашах кхардахь а,
Хьан амал маьрша ян.


ТАМУРИНА

Катоьхна схьаэцна
Аьнгалин хаза кад,
Ласттийна туьйхира,
Туьйхира лаьттах кад!

ОьгIаз хьо яхнера –
Дуьйцила яцара.
Сан дуьхьа яьхнера –
Юхахьажар дацара.

Со дукха везаро
Хаза кад бохийра.
Сан дуьхьа яхаро
Хьан ши бIаьрг белхийра.


* * *

Ломан бохь, бохь бугIуш,
Хелхаре боьдура,
Хьан бархат аз хезча
Акхачу Iаннашкахь…

Дуьйцург дIахаззал
Лерг сема дара хьан?
Бохург дIалаццал
Са мукъа дара хьан?

Езча, со веззал
Ирс долуш вара со?
Хьоь еза ца аллал
Ма хьоме яра хьо...

Кхолламо са хьасттал
Цхьа хаза яра хьо,
Хьан дуьхьа юкъ ехккал
Ма къона вара со...


* * *

Лаамо шад тоьхча,
Лазамо ов туху,
Декъаза сатийсам
Овкъаршла божабеш.

Дахаро це тухий,
Дикано пе тухий,
Ойлане гуо бойту,
Ойлане болх бойту.

Кхолламан дог девза,
Оьмаран букъ бевза.
Дуучу дуьненан
Шен боллу мах бевза.


БЕРАЛЛА

Бералла сан ян а яцара,
Я со цуьнан а вацара.
Бералла, бералла,
Масане хьо йоьлуш яцара.

Сатеснарг – гIенаха гуора,
Цахиндерг – собарехь гуора.
Бералла, бералла,
Масане  хьо йоьлуш яцара.

Цу хенахь и мичар хир яра,
Сан къоман лаг лаьцна хилча.
Бералла, бералла,
Масане хьо маьрша яцара.


Л. П.

Хьо суна воьгIна вац,
Со хьуна йоьгIна яц, –
Боху ахь гIайгIане,
Боху ахь дуьнене.

ЙоьгIна хьуо ца хилча,
Кхоллам цхьаъ ца хилча,
Сан гIенийн гIевланга
Хьо хIунда хуьйшу?

ХIунда бу хьан ши бIаьрг
БIаьрхинех буьззина,
ХIунда ду хьан ши куьг
Соьга схьакхевдина?

Кийрара и сан дог
Болатах дина дац,
Ша ахьа Iехадахь
Ца эккхал чIогIа дац.


* * *
         
          ХIун дара, хIун дара,
          Хиъча хьан дагара?
          Синхаам иэхь дара,
          Я лаам мохь бара?

Со воцуш мегаш дерг  сан дахар дац,
Хьо йоцуш мегаш дерг  данне а дац.
ХIун дара, ахь баьхча хьайна ца веза –
Ца везча а, хьо еза дог хилча реза?

Ша-шена цавевзарг  диканна вац,
Хьекъале хаьттича  дахар дош дац.
ХIун дара, ахь баьхча хьайна кхин веза?
Кхин везаш хьо хиларх, суна хьо еза.


* * *

Ма-хуьллу дуьненах тасавелла воллура,
Ма-хуъу шен сискал и йоккхуш воллура:
Кхералург – кхеравора,
Iехалург – Iехавора.
Боьханиг – цIанвора,
Новкъа верг – бехвора.
Пайденна – пайдехь верг –
Хьаста а хьостура.
Дуьненах тасавелла-тасавелла воллура,
Ма-торру шен сискал и йоккхуш воллура:
Кхерочо – кхеравора,
Iехочо – Iехавора,
Боьхачо – бехвора,
И шена оьшучо –
Хьаста а хьостура.

ХИЛЧА ХИНДЕРГ

Хьайн дагна цхьа эла лоьхучу хьуна
Дуьххьара со гур ву цIеххьана сирла...
Азаллин йозано цхьа бахьна лехна,
Вай вовшахтухур ду вовшех ца довла.

Ахь паччахь сох вийр ву, хуьлийла лууш,
Толаме кхойкхур ву, вогIийла лууш.
Сан доцчу хьуьнарийн да ван сох гIерташ,
Хьан безам гIеллур бу, кхолламца къуьйсуш.

ГIелбелла дIагIур бу, ша-шеха леташ,
Де дика, Iодика – гергарло хеташ.
Декъала мел хилларг бехказаваккха,
Декъазчун кийрара байттамал даккха.

* * *

Цу хьан хазаллех сан къа гIура ду,
Шена суждане сан са дигарна.
Хьанна хаьара, хьанна моьттура:
Дакъаз ца валлал, декъал хила ду.

Цу хьан сибатна сан бIаьрг хира бу,
Буьйра бIарлагIаш буоча хьестарна.
Хьанна хаьара, хьанна моьттура:
Ирсах ца хьеггал, ирсе хила ду.

Цу хьан кхолламах сан чIир хьаьрчар ю,
Юххехь лаьтта со хийра хиетарна.
Хьанна хаьара, хьанна моьттура
Шен лаамца дог хьуна къарлур ду.


* * *

Сатийсам бара сан
Заманан мехха.
И кхочуш ца хилча,
ТIаьхьа ца велха
Дош делла сатийсам,
Сатийсам бара.

Дог-ойла яра сан
Хьекъалан мехха.
Синхаъман сий доцчохь
Са маьрша дита
Дуй биъна дог-ойла,
Дог-ойла яра.

Куралла яра сан
Дозаллин мехха.
ДIакхехьа ницкъ боцчохь
Ша-йолччу йита
Дош делла куралла,
Куралла яра.


***
Хьалатосуш и можа латта,
Даьккхира са нисбеш лахьта.

Селхана кхелхинарг тахна
Чувилла даьккхина лахьта.

Лахьти чу дижира дакъа,
Упханех накъост веш заккъа.

Барз бира: дийшира Еса.
Хийтира дуьне цхьа деса.




         

               


Рецензии
Дала декъала войла хьо, тхан ваша! Дала шен дуьхьа дойла ахь хьегна къа а !

Саид Умахаджиев   13.12.2020 10:43     Заявить о нарушении
На это произведение написано 7 рецензий, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.