Ойла сан кура ю алий...

Ойла сан кура ю алий,
Дагна сан ма елахь чов,
Дерриг сан бехкана ларий,
Дижийта гІаьттина дов.

Вайшиннан безаман хьаса,
Зен гІерташ, ма ийзабе.
Дегнаша кхайкхина "хьаша"
Бехк боцуш ма чехаве.

Ахь иза доггаха хьаста,
Хьайн йовхо ца кхоаеш,
Йиш ма яц вайшиннан къаста,
Ягаеш безаман беш.

Гой хьуна, хьо-хьуо а кхетта –
Хьан бІаьрхиш ду цунна теш.
Ма елха. Елха дац атта,
Безамо дог делхадеш.

ДІадахнарг дуьхьала туьйсуш,
Лехь а хьо наггахь соь харц,
Шеконийн дорцаца къуьйсуш,
Аса хьох догдуьллур дац.

Амма ахь, кура а ялий,
Дагна сан ма елахь чов,
Хьо езар хьайн ирс а ларий,
Екхало – хьоьгахь и тов.


Рецензии
Хаза байташ а ю,илли а дика даьккхина царна т1ехь,Адам,дагах кхийти,
Лерамца,

Петимат Абубакарова   04.06.2012 23:14     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда, Пет1мат!
Ма дукха хан ю и байташ язйина. Дуьххьара зорбанехь хилла а ду 30 шо сов. Амма Чекуевс лоькхучу эшарехь долу мог1анаш дерриш а дац сайниш, Т1АЬХЬАРА АЛАР бен. Йиш хаза ю, амма дешнаш - венегрет......
Ларамца, Адам

Адам Ахматукаев   07.06.2012 16:08   Заявить о нарушении