Ас нана елхийна, дуьнен чу вогIуш...

Ас нана елхийна, дуьнен чу вогІуш,
Маьхьарца гІаттийна гІартийна Іуьйре.
Ас нана елхийна, набарах йохуш,
Цо суна аганахь техкийна туьйра.

Ас нана елхийна, со нанас – цкъа а.
Велхор а варий-те со нанас цкъа а!

Цкъа, шийла буьйсанаш набарах йохуш,
НеІаре хІуьттур ю гІартийна Іуьйре.
Бер санна, со шена тІаьхьара вохуш,
Цо хьур ду сан шераш техкийна туьйра.

Сан сица боьлхур бу цу дийнан бала.
Дуьне а доьлхур ду. Йоьлхур яц нана...


Рецензии
Ненан васт к1орггера гайтарна,Дела реза хуьлда,Адам!

Петимат Абубакарова   18.11.2011 21:19     Заявить о нарушении
Амин! Вайна массарна а Дела реза хуьлда, Пет1мат!

Адам Ахматукаев   25.11.2011 23:28   Заявить о нарушении