***
"Хаьа суна дахар дуйла сецар доцуш, довха.
Къоначунна атта къахьлац цуьнан мерза чам.
Хьалха санна шовкъе хилла аьрха лакхе къовса,
Нийсархошца хала хир ду бойна хилча тIам".
Мила ву оцу мог1анийн автор?! Стенан (хьенан) хьокъехь ду и мог1анаш?!
Уьш Сайдуллаев Хьасанан байта йукъара ду. Кхелхинчу шен нанна лерина цо и говзар. Кхечара (литература таллархоша) шех лаьцна к1езиг йаздина, тийна-таь1на ваьхна автор ву иза (Дала цунна гечдойла). Дика хир дара, къоначара шайна цуьнан поэзин къайле д1айиллича.
Сайдуллаевс шен нанна лерина йазйинчу кхечу байта йукъара ду х1ара мог1анаш:
...Бехк ма билла хьуна дуьхьал
Со г1аддайна веънехь,
Хьан кадамо ца совцийнехь
Б1аьргех 1ена хиш.
Дог ца лозчу нийсархошна
И осалла хеттехь,
Къера ву со. Оцу дийнахь
Ца совцура уьш.
Ткъа сан ненан нийсархоша
Дуьхьал кхетча юьртахь,
Олу: «К1ант, хьо муха веха,
Са-м ца гатдо ахь?»
И де юха карладолий,
Къора воьлхуш кийрахь,
Къийла г1ерта къонах хуьлий
Цу лазаман къахь...
Другие статьи в литературном дневнике:
23.05.2022. ***
16.05.2022. ***
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь