***

Асламбек Гайтукаев: литературный дневник

Вевзаш волу поэт, этнограф, хьехархо, гочдархо Сулейманов Ахьмад вина 100 шо кхачар билгалдоккхуш ду кху деношкахь. Кхузахь хьахо лаьа цунах лаьцна филологин 1илманийн кандидата, фольклориста Мунаев Исма1ала масех де хьалха дийцинарг:


- Вайн халкъ махкахдаьккхинчу хенахь, массо йаа а, т1едуха а доцуш, гатвелла хьийзачу хенахь, Ахьмада, охьа а хиъна, ойлайина хилла: "Цкъа х1ара мохк а битна, тхо кхузара ц1а дахча, бухарчара хатта тарло, х1ара латта шайн хиларан, кхузахь шайн генара дай баьхна хиларан тоьшаллаш дуй шуьгахь аьлла. Цундела уггар хьалха дан дезарг цхьаъ ду: Нохчийчоьнан топоними х1отто йеза..."


- И мехала г1уллакх Ахьмада цигахь д1адолийра, ц1а веача чекхдаьккхира. Кхечанхьа дийнна институто беш болу болх бу иза...



Другие статьи в литературном дневнике:

  • 23.05.2022. ***
  • 16.05.2022. ***