Б1аьстенан серло
Ойланаш ден йо,
Амма сан дагна
Ца карйо парг1ато.
Мел хаза меттигаш
Дуьнен т1ехь хиларх,
Даимна ойланаш
Хьаьрча Даймахках.
Генарчу махкахь
Мел дукха вахарх,
Хийрачу х1усамехь
Хир дац са меттахь.
Х1у йовхо йу теша
Йулучу б1аьстенца?
Са малха дала
Туьгуш ца хилча.
Махкаха къастар
Ах валар дукха,
Балано са лаьцча
Дог доьхна хуьлукха.
Ойлано хьовзайой
Озайо г1ийла наб,
Дош ала йоьлча
Ца долу хезаш аз.
Сина тем лоьхуш
Сатийсам хьийза.
Сан лазам х1инца а
Г1енашкахь лела.
Хетарехь, Нохчичохь,
Йулуш йу б1аьсте,
Йуха а кханенах
Тешаш ду дог.
Селхенца тахне
Сай йазарна,
Ойланаш безамца
Хьерчаш йу хьоьх.
Хьо дуьхьал тесча
Даймохк,ахь ниц1кь ло,
Йоьжначу ойлана
Ахь 1аса кховдайо.
Свидетельство о публикации №126112207004