Зама
Цхьа к1еззиг сацахьа,
Са даге ладог1ий
Хабаре йалахьа.
Хьехар ца до ахь,
1оттар ца йо,
Хьайх 1ехавеллачохь
Тешна бехк бо.
Лаьцна са д1ахоьций
Хьайх тешаво,
Шозлаг1а са кхуллий
Хьайх вазаво.
Дахарах тийсалуш
Ас толам боккху.
Син маршо карайой
Доккха са доккху.
йуха а цецвоккхуш
Болар ахь дохадо.
Парг1ата ваьллачохь
Са мере кхачадо.
Сан шерий кочар
Оьмаро гулйина.
Замано лар йуьтуш
И кочар стомма йина.
Ма хала хилла
Дуьненчохь ваха,
Шен дег1е ладоьг1уш
Кханенга вала.
1уьйренга сатуьйсуш
Буьйсанга вала,
Боцучу бехкана
Бехказа вала.
Свидетельство о публикации №126111804152