Дахар
Шовкъаш керланаш кхийдайо,
Замано идавеш вицво,
Дуьне бIаьргашна хаздо.
Къаналло чехавеш къарво,
ГIелвеш гIоранах кхачаво.
Багара мерза чам къахьло,
Дуьненах дог дуьллуш херло.
Дахаран агIонаш луьсту,
Дог-м къийсаме дуьйлу,
ДегIаца и доьвне хуьлу,
Къаналла цо тIе ца йуьту.
Дагчу сан сингаттам буссу.
Бералле генарчу йуссу.
Баь11аш зезагех тарло
Басарш къегина гало.
Коьртехь бала а боцуш,
ДегIехь лазам а боцуш,
Дахаран сирла мур бу иза,
Дагчохь бисина бу иза.
ХьаьжкIаш бешара йохуш,
Тайнигаш йу бохуш, ловзара.
Хьесий массанхьа 1енош,
ЧIабанаш ян Iамадора.
Ша долу дахар сирла,
Моз санна хета и мерза.
Тхин тIехула кога1уьйра,
Ловзуш хьийзара бералла.
Свидетельство о публикации №126110607061