Давдаев Алиханна лерина

Замано чов йанза висна вац цхьаа,
Шелоно 1овжадо хийла Да-Нана,
Ма хала йеи хьо,х1ай,луьра зама,
Тхан дегнаш хьостуш хьо хир юй- те цкъаа?

Б1аьрхьоьжуш,наноша кхиабо к1енти,
До1анца даимна уьш боьхуш Деле,
Амма цу 1ожалло, собарца бустуш,
Буьту уьш т1аьхь хьажа,кийра ц1е йуьлли.

Декъала хила хьо,дик ваша, доттаг1,
Хьай доьзал,вай марзо йити ахь байлахь,
Бераллехь идийна и шуьйра некъаш
Д1атесна дити ахь,дог доруш,доькъуш.

Сан ваша Алихан,яхь йолу къонах,
Вай лойзан урамаш дити ахь кхуьйлан,
Хьан х1усам,хьан Нана бу деган лазам,
Ас муха вицве хьо,хиллариг декъал.

1ожало ца хоржу, дика йа вониг,
Хьо хьалха валаро дохи х1ар дерриг.
Хьан хеназ вахаро йаржийна ойла
Сан дагчу ца тарло,къинт1ира вала.

Замано йина чов йерза ца йоьрзу,
Дагт1ийра сингаттам барзаха уг1у,
Ма хала хиллакха доттаг1чух вала,
Гур дуй-те, к1еззига байбелла бала?

Дикачу доттаг1чуьна Вахабов Адлана
дехарца йазйина байт. Дала г1азот
къобалдойла Алихана.

05.11.26шо


Рецензии