Даймехке шозлаг1а кехат
Буьйса ч1аг1йаллалц.
Набаро йижа йо
Ламаз хан хиллац.
Цу лаьтта б1аьра
Лерина хьоьжу,
Хаттарш кхоллало-
Жоьпаш айса ло.
Ц1аьххьана б1арзло,
Буьйцу мотт бицло,
Йоьду хан соцу,
Саде1ар сихло,
Дуьне а гат ло.
Хьежаран хенаш
Ма ч1ог1а йахло.
Хьо муха беха те,
Сан хьоме Даймохк?
Кхечирий хьоьга
Соьгара кехат?
Семачу тидамаьх
Хьо боьхна теша?
Йа терго йоцуш
Дитира теша?
Ца оьшу,ма леха,
Таьм боцу дешнаш.
Пе тоьхна аьлчаъ
Тешар йац ц1къа а.
Йиц ца ло суна
И йоьхна буьйса,
1аламе ладоьг1уш
Лаьттира йехха,
Хьан х1ора амат
Д1аийра ц1их.
Цхьа буьрса чахка
Делира Орга,
Аьрхачу тулг1ийца
Кхоьссира чопа,
Оьг1азе доьлхуш
Дора цо къурдаш.
Лекхачу лома
Хьаьжира со,
Оллийра корта
Цхьа боьхна цо.
Сан мехкан коьрта куц
Аренаш, хьаннаш,
Дуй те шу дийца
Дисина косташ?
Дитташ т1е йоьссира
Цхьа к1еда йис,
Набарна товжийра
Цо сихха уьш.
Сан баьра ца хьожуш
Леч1къира бутт,
Д1а дайра арахь
Т1аьххьара сурт.
Кхаьрчара байра
Т1аьххьара суй,
Хаьддачу риц1къано
Къоьвлира г1уй.
Хедира 1аржаллехь
Ирсана т1ай,
Хаьрцира б1оьвнаш
Ца доккхуш вай...
Ч1аг1аллийн г1арол
Сан лаьмнаш дара,
Тоьлла куц къоман
Ненан мотт бара.
1ин санна к1орга
Орамаш дара,
Нохчалла ларйинарг
Доьналла дара.
Вай дайша леринарг
Хаза г1иллакх дара,
Майралла йериг
Сийлахьа вара.
Нийсонт1ехь вериг
Делаца вара.
Къаьмнашна йукъахь
Вай къаьсташ дара.
Хьуьнарца даимна
Г1ардевлла дара,
Дикачу амалца
Доьвзина дара...
Йуха а яздо ас
Хьо беза дера,
Ойланехь гуттар
Хьо беха дера.
Сан Даймохк!
Хьоь болу безам
Ма к1езиг бац!
Хьан лаьмний кийра
И хоьар бац!
Кхаьрстачу безамо
Морцу сан кийра,
Моттало эт1а
Сан дег1ан дилха..
Свидетельство о публикации №126103008189