Даймахке кехат
Хено ца йиц йи,
Хьоь йолу ойла.
Йозу з1аь хьоьца
Ца йоьлла мекха,
Нохчийчоь даимна
Сан даг чохь йисна.
Дийцахьа суна
Дага дог1ий хьуна?
Со хьайха кьастар-
Хьо йуьстах латтар.
Ас хьоьга кхайкхира-
Хьо тийна лаьттира,
Хьааме дош аьлла
Сацо ца хьаьжира.
Са к1езиг долуш
Со ц1кьа а ца хилла,
Дела ц1арца детталуш
Дог а хилла.
Со кийча ма йара
Сай са д1адала,
Хьан лаьттан букъ т1ехь
Хедаба аьрха некь.
Хьоь болу безам
Сан ч1орах, т1амарх,
Боьллера дег1ах.
Дуьненан азаллехь
Ца бешна
Г1ура лам а,
Башора бара.
Ахь бакьо йелча-
Хьо дуьхьал хьаьжча,
1аьнна со йоьлхур йара,
Хьан мара хьарчир йара.
Ахь дош кьадийча-
Ас кьастар даьлхийча,
Тоьхначу маьхьаро
Мохк бегор бара.
Йа набарна тевжи те,
Цамгаро лаьцна те?..
Ца хазий, ца эли
Дуьхьала дош.
Т1аьххьара б1аьргаш
Даймахке кхарсти,
Гулйелла мархаш
Т1оьхула хьоьвзи,
Шок йетташ мохо
Со новкьа йаьккхи,
Кхоьлинчу баьргашца
Со йуг1а хьаьжи.
Шийлачу 1уьйренца
Кьаьстира махкаца,
Со гена йуьйлура,
Баьра хиш 1енара…
Хийрачу махкахь,
Генарчу пачхьалкхехь
Эрналлехь,хераллехь,
Б1арзйелла ,тилйелла,
Йайна со , йайна со,
Йайна...
Свидетельство о публикации №126102908353