Хьомечу нанна лерина
Ма дуьзна дара,
Маьлханан з1аьнарш
Йовхо луш йара.
Г1енах а хьан йалар
Герга ца дуьтура,
Ойланаш 1ехайеш
Дийнах де х1уттура.
Цхьалхалли некъахь
Г1ортор а йоьжна,
Ца йухуш Сийлахьчу
Далла т1етоьвжина.
Сецадаьш къурдаш,
Хьулбора бала,
Олу дош дустара
Ца гулдеш къинош.
Башламал онда
Хьан собар дара,
Хьаша-да ларар
Хьан сица дара.
Массаьрца йозуш,
Лераме йара,
Тешаме лулахо
Сан нана йара.
Дахаран дорцана
Дуьхьала йирзина
Халоний асанаш
Ахь майра текхий.
Йамарта когаш
Х1иттабарх дахаро,
Ца йухуш х1оттара
Хьай кога хьо.
Йовхонца хьоьжу
Цистинчу некъашка,
Замано къардина,
Садаьтта 1амийна.
Дог1учу дог1анаьхь
Четар ца лоцу,
Шело йа йовхо
Кьастаъ ца ло.
Хьайх дийца масалш
Дуьнаьнчохь дитина,
Эхартан азалле
Нана хьо йирзина.
Кийра бу боьлхуш,
1аьт1къамаш 1идалуш,
Сан ирсан г1айре
Хиллера хьо.
Г1енаха мукъна
Хьошалха йолахьа,
Бераллехь санна
Со мара къовлахьа.
Сибаташ юккъахь
Хьан сибат лоьхуш
Лела со-м х1инца
Тераниг лоьхуш.
Кьилбехьа йоьрзу
До1анца доьхуш,
Маьл безачарна
Гечдар а доьхуш.
Ас вайна йоьхучу
Джаннатехь хазачу,
Гулдойла Везачу
Аллах1а вай!
Свидетельство о публикации №126102608878