Буьйса

1аьржачу буьйсана
Стигала хьажа,
Гой хьуна тийналлехь
Ча такхийна тача?

И сирла серло
Вай лаьттта 1ена,
Исбаьхьчу хазалло
Сан корта хьовза бо.

Седарчех кхелина
Кечйина лерина,
Хьажийша геннара
Ойла йеш лерина.

Лаара суна
Стигала кхача,
Хазачу 1аламе
Т1ам тухуш хьажа.

Къорачу хьаннашкахь
Акхарой теба,
Тийналла хадайаьш
Дарйелла лета.

Лекхачу лома т1ехь
Йилбазмохь бека,
Къоьжа лам бегабеш
И лома баьржа.

Семачу органо
Текхадо т1улгаш,
Мерзачу иллийца
Йижайеш хин йист.

Мецачу мукьамца
Г1ийла мох ц1ийза,
Довхачу лаьтта т1аьхь
Цаьпцалгаш йека.

Ловзачу мохо
Лестадо генаш,
Дийшийна техкадеш
Набарна дитташ.

Ойлайеш б1аьрг тоха,
Кхетамца ладог1а,
Массанхьа карайо
Бух болу билгало.


Рецензии