Гуьйре

Гуьйренан хьалхара денош,
Д1аели аьхкенан тов,
Маьлхаца ловзура мархаш,
Кхоладеш маьлханан нур. 

Нохь доьлла т1аьххьара кхораш.
Йакъйелла хас-стоьми хуталш.
Адамаш кьахьегна  лаьттахь,
Онда дукъ текхийна букъ т1ехь.

Тховт1ехь кхозуш йу гараш,
Дуо буьзна можачу хьаьжк1аш,
Куьйра чохь баьккхина налха,
Даьттанах йуьзина кхаба.

Г1одамах такхораш дина,
Докъарах лекха раг1 йоьттина,
Йоьдучу хенах хам бина,
Къахьоьгуш напха гулдина.

Деха де суьйрене лестира,
Г1арг1улеш къамеле йоьвлира,
Стигал ц1еххьана кхоьлира,
Сан ойла карзаха йелира.

Гуламе кхойкхучу маьхьарца,
Г1айг1ане г1ийлачу узамца,
Мархашца д1аийна тийналлехь,
Г1арг1улеш д1айайра
геналлехь.

Со т1аьхьа хьоьжура лерина,
Хорамо шад бора кхоьвлина,
Ойланаш карзаха йуьйлура,
И къастар лазамца 1аьт1къара.

Сан иэсехь йисна и зама,
Сурт-сибат лаьтташ ду хьалха.
Хьацарца баккхара кхача,
Са меца вацар-кха  цхьа а.

Т1едачу йочанца йилхина,
Нохчийчу йог1уш йу керчина,
Сан г1ийла ойлано геннара,
Безамца хьаьстина гуьйре.


Рецензии