Х1етал - метал

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

Х;ЕТАЛ - МЕТАЛ

Дахар хаздеш вайн - къагийнарг
Дийцал бераш - мила йу?
Денна ирсе вай ган лиънарг
Х1етал-метал , мила йу?

Нана йу и, мехкан Нана,
Х1ораннах дог лозуш шен.
Вайн мохк ларбан к1ант кхиийна,
Халкъанна к1ант велларг шен.

Маьрша дахар вайна делларг
Дийцал бераш -мила йу?
Ирсе даха вай 1амийнарг
Х1етал - метал, мила йу?

Нана йу и, мехкан Нана,
Вайн мохк ирсе бина цуо.
Деган йовхо ца кхоийна,
Шен ирс вайца декъна цуо.

Дезчу денца декъал йо вай
Мехкан Нана Аману.
Доьху Деле сийлахь Ненах
Ма кхетийта  цхьа а хьу!

Дехийла шу хьоме наной
Кху дуьненах даккхий деш.
Бодане кхин зама йоцуш,
Берийн дахар ирсе деш!

27.12.23ш./ 26.10.26ш.


Рецензии