Гуьйренан хан

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

ГУЬЙРЕНАН ХАН

Гуьйренан хелхарш деш г1аш иэгадоьлча,
Дешеха аренаш тарйалайоьлча,
Моттало, х1аваэхь г1аш хелхадуьйлу,
Х1аваэхь уьш хьийзаш самукъадуьйлу.

Де-дийне мел долу шело сов йуьйлу,
Г1арг1улеш 1одикайеш т1омайуьйлу,
Гуьйре йу, шелонца т1ейог1уш гуьйре.
Суьйре йу, дог шелдеш т1ейог1у суьйре.

Б1аьсте хьо аьхкенца паналле йели,
Йовхонан денош а хьоьца д1адевли,
Гуьйренан дог1анаш йочане девли,
Шелделла можа г1аш хелха ца девли.

Дог1анаш, дог1анаш б1аьргех хиш леда,
Стиглара сан коре хьоьжу цхьа седа.
Ма йелха хьомениг,- цуо сога боху,
Гена йац зама вай б1аьстене доху.

25.10.26ш.


Рецензии