Нана
Сан деган т1аьххьара аьхке!
Цести сан б1аьрго и некъаш,
Хедадеш мел долу генаш.
Д1адаьлла дег1ера г1ора,
Йог1уьйтуш со г1ийла гора.
Дешнаш а сецна сан кийрахь,
Ца бало къурд йа легашкахь.
Йуй-те со х1инца йехаш?
Йа хаьдда сан деган пхенаш?
1оьвшина дукха вонаш,
Йерза ца туьгуш чоьвнаш.
Ма дукха лайна бала,
Йаьккхина чолхе зама.
Бисина суна цхьа 1ийжам,
Бу и сан деган тижам.
Мичахь ас лаха хьо, нана?
Муьлхачу новкъа со йала?
1уьйранна маьлхаца г1уьттуш,
Со лела хьо г1ийла лоьхуш.
Беттан серлоне хьоьжуш,
Хьан когийн лар ас лоьху.
Муьлхачу новкъа со йала?
Ца байло кийрара бала!
Йуй-те со х1инца йехаш?
Д1адевлла и хаза г1енаш.
Сан корах тийсало гуьйре,
Хиларна т1аьххьара суьйре.
Свидетельство о публикации №126102404891