Хьоме юрт
Ховха аьхке кечйелла.
1аламо хазачу сарташца
Тхуна йовхо схьайелла.
Бовхачу малхаца гIоттий,
Юьртанна кхо го а боккхий,
Ловзуш, суьйренга йоьду,
ЦIа йаг1а ца йаьхьаш соьцу.
Кхералой,баба йолчу йоьду,
Куьг лоций, цо уьйтIа йуьгу.
Мегар дац дов дан- цо олу,
Сихонца со уча йолу.
Лаьцна са паргIата долу,
Кхоьру дог сан майра долу.
Бовхачу метта со йолу,
Мерзачу набаро лоцу.
1уьйре денъелла йогIу,
Латта йокъаллехь догу.
Багабо берзина когаш,
Йагайо малхо белшаш.
Берашца со лийча йоьду,
Йуха а суьйренга йоьду.
Кхоьруш кевна тIехь соьцу,
ТIеда бедарш ас Iовду…
Уггаре хьомечу юьртахь,
Безамца йаьхначу меттехь,
Жималло йаздира йоза,
Ца къастош цхьа а доза.
ЛадоьгIуш хенаш дIаихи,
Хийла хийцамаш хили,
Йаьхначу юьрта со кхечи,
Дерриге карла а дели.
Тийналлехь лаьтта тхан урам,
Боссабеш лазамца хорам.
Кхелхина дуккха а бевзарш,
Дисина ойланехь аьзнаш.
Ца ловзу суьйранна бераш,
Ца хеза урамехь ц1огнаш
Сан хаза, сан жима бералла,
Муьлхачу махка хьо йаг1ана?
МухIажир хилла хьо кхелхи?
Муьлхачу махкахь хьо сеци?
Бераллин и дешийн денош,
Кхин цкъа а догIур дац йуг1а.
Свидетельство о публикации №126102404847