Нохчийчоь

Нохчийчоь, суна хьо
Даггара йезара.
Сан сина са хилла
Дагчу а йижнера.

Мархашка кхаччалц
Йоьттина ойлани г1ала,
Г1енаха чурт дуг1уш
Самаха дийна д1айоьллира.

Б1арлаг1ах тарйелла
Х1аваэхь и йайра.
Г1аларт хилла
И стиглах д1аийра.

Таьм байна лелачу
Г1айг1анца йисира,
Сан дахар эрначу
Ара чукерчира.

Балан хьоькхнаш
Дуьхьала х1иттира,
Б1аьргашна хьалха
Шекъа д|асдаьржира.

Чакхе ца кьаьстачу
Генарчу махка,
Хьийзачу новкъа
Эххара йелира.

Хьоьх марзо йазош
Дисинарг т1аьххьара,
Сан ненан безам -
Кортали ду…

Сай г1ийла ойла
Некъахойх леч1къош,
Сай сина соне
Бала д1ахьулбира.

Кхозучу мархаша
Базбора бала,
Доьлхачу дог1анца
Йоьлхура ладарца...

Йарташ хедийра,
Г1аланаш хьийшира,
Аренаш цистира,
Мехкаш хийцира.

Йист йоцу доза
Берд лоьхуш теллира,
Дуьнена йистера
Денйелла г1аьттира.

Хаалахь,Даймохк,
Со дийна йу хьуна.
Соьгара хабар
Хезир ду хьуна.

Хьо ирсе г1аттахь
Со дийна хеташ,
Со-м йала реза йу
Хьан къина йоьлхуш.

Са хаьдда сатийсам
Г1енашкахь лела,
Садуу мукъам
Сан лерехь тийжа.

Сан маьрша ойла
Т1ам тухуш г1олахь,
Соьгара маршалла
Даймехке лолахь.


Рецензии
Islamic war again.
Я просто что войны ещё неизбежны.
А мир непостоянен.
Tomorrow die with us/
Но лайк дам.
Сергей.
+

Серж Ив 74   24.10.2026 18:06   •   Заявить о нарушении