Даймохк

Сан даймохк, сан безам,
Сан г1ортор, сан 1ийжам,
Сан лазам,сан хьаам.
Дахаран ша болу бахам.

Хьо безаш волчунна
Ма мерза кхача бу,
Хьо дагахь болчуьна
Ойланаш ц1ена  йу.

Сан кьоман дозалла
Хьан лаьмнийн лакхалла,
Хьан к1ентийн  майралла,
Мехкарийн  сийлалла!

Хьо безаш воцчунна
Ца оьшу мохь бу хьо,
Хьо дагахь боцчунна
Тесна хас ду хьо.

Гергахь ца безнехь,
Генахь а  безар бац,
Даггара ца безнарг
Безачух кхетар вац.

Экханах тарвелла
Бицбелла лелар вац.
Хьуна т1е бог1у некь
Лар йайна лаьттир бац.

Т1ех ледар хиларна
Дагчуьра буьйжи те?
К1оршаме дегнашна
Дог1а  д1акхийти те?

Хьола да велахь
Декьаза ву шуна,
Шен  махкахь воцуриг
Дайна бо ду шуна.

Хьо б1аьрга гича
 Са  ловза дера  ду,
Сира мархаш дадийна
И т1ома доккхур  ду.

Хьан хаза чухчарий
Мерз хуьлий йека,
Хьан шийла шовданаш
Сан ховха ойланаш.

Б1арг тоьхча го суна
Хьан лекха б1оьвнаш,
Баьццарчу ирзонаш
Качйина ойланаш.

Хьо ч1ог1а белахь
Со хьоьца йоьлур йу.
Мохь тоьхна белхахь
 Со хьоьца йоьлхур йу.

Хьан эшам- сан эшам,
Хьан кхиам- сан кхиам.
Хьан толам-сан толам
Дахаран к1оргара орам.

Хьо безаш воцуриг
Сан ваша вац хьуна.
Хьо лоруш йоцуриг
Сан йиша яц хьуна.

 Сайн Даймохк хестор бу,
Дешнашца ойур бу.
Хьан лаьмнаша кхиийна
Бакь нохчи йу  со.


Рецензии