Бералла
Тилйелла сан ойла.
Заманан шед тухий,
Бералле кхочу со.
К1езиг некъ ца бина,
Сайн ойла йажош.
Вайн дада ваьхначу
Х1усаме кхочу со…
Йижначу вайн юьртахь
Тап аьлла, тийна ду,
Шен 1аьржа шифон
Буьйсано тесна йу.
Тийначу суьйранна
Нанас мохь туху,
Бовха кхача д1аэций
Дадина г1о, - олу.
Ма сиха йог1ура
И 1аьржа буьйса,
Кийрара са дегош,
Со ара йалара.
Боцачу некьаца
Хьо г1олахь, - олура,
Бисмиллах1 -ала
Диц ма де, - олура.
Бешарчу г1одмаша
Шар-шабарш дора,
Делан ц1е йохуш,
Г1о цуьнга доьхура.
Сан синан п1илдиг
Бетталуш хазара,
Эххар а наь1арга,
Дадера кхочура.
Хетариг, хиллариг
Хьекъалца дуьйцура,
Хьехамаш, хьехарш
К1оргера хуьлура.
Хьо х1инца а жима йу, -
Цо соьга олура.
Мало ца хиларна,
Со кхето хьожура…
Юьхь-дуьхьал хьоьжуш
Хьан сибат доьшура,
Ахь олу х1ора дош
Сан кийра дуьжура.
Хьан х1ора амална
Бустамаш дохура,
Гуш йоцчу кханенна
Г1оьвланга дохкура.
Болатан собарца
Къийлина бала,
Буткъбелла боху ахь
Хьайн деган мерз…
Мел зама йаларах
Дицлур дац суна,
Х1инца а сан лерехь
Дека хьан к1еда аз.
Хаза хан и йара
Цхьаъ г1айг1а йоцуш,
Цу хенах хьегар а
Хир дуй а ца хууш.
Хьан дахар хаьддачехь
Сан синтем байра,
Ахь аьлла х1ора дош
Кхочуш ма хилира…
Г1ийла б1аьрг бетташ
Хьан керта хьоьжу со,
Бераллехь йисина
Ирсан лар лоьху ас.
Свидетельство о публикации №126102208670