Темирханов Юсупан лерина
Къоман т|е ластийна,
Зуламца кхайкхам
Махкана кхоьссина.
Коьртачу г|алахь,
Шуьйрачу урамехь,
Лелаш ву полковник,
Даржанах вохийнарг.
Тоьхначу хенах
Парг|ата ваьккхина,
Кховдинчу харцоно
Са карзах даьккхина.
Б|аьргашна дуьхьала
Баьана бода,
Г|аьлйелла Нохчийчоь,
Йайна те йогу ц|е?!
Аьрзоша т|ам баьтта
Лаьмнийн баххьашкахь,
Берзалой уг|учу,
Юькъачу хьаннашкахь.
Теркан тулг|енашца
Къийсалуш ницкъаца,
Ма майра кхии хьо,
Нохчийн к|ант Юсуп!
Сихачу боларца,
Сирлачу б|аьргаца,
Мехкан сий лардина
Маса куьг айина.
Бекхамца хьийзаш
Патармаш ду,
Са эца сихделла
Азраил ду...
Нийсачу хьажарца
Озадеш тапчан лаг.
Вожий ахь мостаг|,
Верзавеш б|остаг|.
Ирча сурт дайна,
Синх|оттам байна,
Лоьхуш ву бехкениг,
Уггаре кадениг.
Дала хьан сий дойла
Къоман ч|ир йекхарна!
Баккъалла даггара
Йишех дог лазарна...
Кафираш гулбелла,
Х|илланца и талла,
Йамартчу кхелхоша
Кхайкхийра пхийтта шо.
Ца вешаш, веларца
Кхайкхам т|еийцира,
Собарца сатухуш,
Ца вухуш, къар ца луш
Ахь лайна баланаш,
Инзаре халонаш.
Д|аоьхара денош,
Беттанаш, шераш…
Набахтин дозанехь
Бакъонаш лелаш йац.
Бусулба хиларна
Ваьзний а везаш вац.
Т|уьначу пенаша
Тешалла дора,
Ахь лайна бала
Царна а гора.
Г|ертарх мел ч|ог|а
Кхачадан доьналла.
Амма хьо къарвелла
Цкъа а ца гора.
Дозалла до ас
Хиларна вайнехан
Сан мехкан тоьлла к|ант,
Къонаха Юсуп!
…Боьссина стигала
Ц|еххьана бала,
Хьан кхалхар даьржина
Массо а г|алахь.
Бохамна гулделла
Кавказан къаьмнаш,
Къомаца бекъа
Боьссина бала.
Стигланаш эт|ара,
Седарчий эгадеш,
Дегара латтанаш,
Хьан кхалхар делхадеш.
Даггара мохь тохий,
Белхалахь, Даймохк!
Кхелхина хьан мехкан
Йахь йолу к|ант!
Свидетельство о публикации №126102208629