Мух1ажарш
Д1аскхиссин Нохчий к1ам
Кийра буьзна, ойланаш д1а лаьцна
Бу цергахьа болу сингаттам.
Х1ара дешнаш аса йазйо
Сай хьомечу Шелахошна
Кху дуьнена йеа маь1е
Ахьа лаккха айбалахь х1ай корта Нохчо.
Хьан махкал тоьлла мохк бац хьуна Нохчо
Гезданча хилла дуьне аса тилли.
Т1акха а ца карий хьоьл хаза сохк
Ушам бац шай даймохк ца безаш
Уьшам бац шай нохчий к1ам ца дезаш
Делахь а цера риц1къанаш
Паналлехь кардина царна.
Свидетельство о публикации №126101807845