Ойланаш
Геннара хьоьжу со шун тидам беш.
Ойла мел кегаярх, ца кардо дешнаш,
Доггаха мах хадуо - воккха а веш.
Маржа яl, бералла, чехка хьан боларан,
Дlас-хьажа йиш йоцуш дlаедда хан.
lуьйренаш ловзаеш, самукъне хьийзаш,
Хиллачух, хиндолчух пусар ца деш.
Маржа яl, жималла, собар ца тоьаш,
Лелочух воккхавеш яьккхина хан.
Хlара дуьне шен дуьхьа кхоьллина моьттуш,
Хилла-кха жималла синтеман гlан.
Маржа яl, къоналла - куц хаза зама,
Лелачу некъашца безамаш гуш.
Доккхачу дуьнене - лаккхара хьоьжуш,
Курачу ойланца кхане ца гуш.
Маржа яl, зама хьа, хьоьх lэха велла,
Яьккхина мерза хан юха йогlур яц.
Амма ахь гайтина дуьненан хазалла,
Тахна а, дахарехь, сов йуьлуш яц.
Къаналла тlейогlу, болар сихдина.
Дlадоьду хlора де билгал а деш.
Кlадбелла сан когаш шен мара къуьйлуш,
Ойлане ца хьоьжуш - дахар даздеш.
Маржа яl, къаналла, хьекъалца ю бохуш,
Дегlана дицделларш ахь керча до.
Хьай деза куьйгашца букъ саттуо гlерташ,
Яхь йолуш вехаш верг - ахь хьийза во.
******* дешнаш Хизир Эмедиев
Свидетельство о публикации №126101309009