ДОГlА

Йочане марханаш тlоьхула гулъйина,
Кхоьлина деана тахана де.
Догlана амалан къайленаш го суна,
Кхетамца ладоьгlча цуьна эшаре.

Догlанца, ойланаш паналле яхча,
Гинарг а, хиндерг а ахь кега до.
Кхетам а, кхоллам а мехале дилча,
Хlинцалца ца дайнарг бlаьргашна го.

Дlатийна lаламаш го суна ойланца.
Ладоьгlуш, дахар а садоlуш го.
Стигалан бlаьргаш, тlадамах дуьзна,
Хlаваэхь догlанан бlаьрхиш а го.

Сихачу дахаро дохдина латта,
Хьогалла дlайоккхуш, ахь дуза до.
Ваха сихвелла, гlелвелла воьжнарг,
Аганан йиш хуьли ахь вижа во.

Лерамца догlу хьо собарах хаьддачун,
Огlазе аматаш генна дlахьуш,
Дог-ойла тишъелла, синтемах ваьллачун,
Марзонца, даггара паргlато луш.

Гена некъ хиларах - болар ца дуохош,
Ткъес яьтташ дагlахь а - Делан ницкъ бу.
Хьай цlена кхоллар - рицкъане дерзош,
Беркате кхолламаш лаьтте луш ду.

Хьо бахьнехь цlанделла хlавааш санна,
Адамийн дегнаш а ц;андойла ахь.
Вовшашка безам - доггаха чlагlбеш,
Оьгlазе аматаш вовше гечъеш.

Къинхетам, дикалла догlанца дебаш,
Керлачу дахарца lалам гlиттош.
Латта а, хlаваъ а юха-юха цlиндеш,
Догlийла-кх хьан беркат дуьне къагош.
                *****
                дешнаш Хизир Эмедиев


Рецензии