ДАГЕ

Алахьа, сан дог, ахь соьга,
Ястахьа цlена къайле.
Муьлхачу махкахь синтем ахь лоьху,
Муьлхачу махкахь саца доллу хьо?

Паргlато лоьхуш дlаихи хенаш,
Йист йоцу заманан доза лоьхуш.
Ма кlезга биси-кха ахь хьайна лехнарш,
Кхи-ъ кlеззиг биси-кх сатиссамаш.

Хьо lехийначу дуьненах со теша-ъ вина,
Яьккхи ахь, паргlата, дуккха а хан.
Кху сий дайна заманчохь со саца а вина,
Бина-кх ахь суна чохь хораман бен.

Къайлаха, сан кийрахь, бlаьрхиш а оьхуш,
Хьай бала балхо кхи цхьа а ца лоьхуш,
Собарца лаьтти хьо, гlиллакхехь ца духуш.
Кхидlаъ а даьтталохь чоьвнашна ца угlуш.

Хезарг а, гушдерг а цхьаьна ца догlуш,
Харцонах цецдаьлла - лазарех дуьзи.
Ларйина йовхонаш - шелонца йиси,
Дуьненан туьйранах тешна хьо диси.

Дахарехь, даима-ъ, тешаме хила…
Дитахьа боьханиг, ца кегош, lилла...
Бакъдолчух дlахаьдда дуьне а дайна...
lадlехьа, бертахьа, тохалуш тайна.

Хlай, сан дог ! Сихделчу хьан боларах со чlогlа кхета.
Гlерта хьо, кхидlа а, массарех кхета...
Ца тайнарш соьх окхуш - йисте ма гlерта.
Цаьххьана, цецвоккхуш, саца хьо гlерта...

Хlай, сан дог ! Хlунда дац хьо кхетамца бертахь?
Хlу толам лоьху ахь суна дуьхьал?
Айхь-хьайн хаьржинчух хилла-кх хьан чоьвнаш !
Кхечарн-тlе ма теттахь хlоьттина хьал.
         **************
 


Рецензии