Ахмадов муса дагалоцуш

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

АХМАДОВ МУСА ДАГАЛОЦУШ

(Селим-Пашин Дагалецамаш)

Махкана хьо гена ваьлча,
Дуткъделча кийрара дог.
Нохчийн мотт ца хезе даьлча
Сатуьйсу хазаре дош.

Хуьлу и моз санна мерза,
Хьоьсту цо хьан лераса.
Ца хуьлу и уоза терза,
Сатуьйсуш цхьа Нохчо ган.

Ишттачу б;аьрзачу хенахь,
Кхочушдеш эскаран хьакъ
Даймокх тхайн бисарна генахь
Хетара кийрахь ду да;.

Буобераш санна тхо дисна,
Вовшен хьал ***йла дац.
Хааман з;е ледар йисна,
Махкахь дерг хатта стаг вац.

Йахь йу тхан къаьмнашца хийра,
Керланаш дуьйцуш цхьа а вац.
Сагатлуш дисча тхо г;ийла,
Дог эца газет а дац.

"Даймохк"- газетан цхьа кийсаг
Тхан кера кхечира схьа,
Мусага йаздира кехат
Балхабеш тхайн бала д;а.

"Эскарера кехат"- аьлла,
Билгалдеш гатделла са,
Ойланца тхан хьоле ваьлла
Тхоьх лаьцна йаздира д;а.

Гатделла синош тхан хьаста
Кехат а диллина т;е,
Ницкъ кхечи сингаттам баста
Дог оьцуш хаамца шен.

"Керла газет арадолуш
Даийта т;елоцу ас,"
Даггара баркалла олуш,
Дош кхочуш ди шен Мусас.

Тхо санна эскарехь болчу
Салташлахь хили тхан мах,
Эскарехь хьакъ д;алушдолчу
Тхан сийдеш хиларна нах.

Цул т;аьхьа дуккха хан йели
Гергарло ца хедаш тхан.
Муса, кхин вайца вац  эли,
Хала ду и дагна лан.

Нохчийн мотт, Нохчийн къам дезаш
Къахьоьгуш лелара хьо,
Къомана даггара везаш
Эхарта верзош ву хьо.

Тоьлла к;ант вайн Нохчийн къоман
Дегнашчохь вуьсур ву хьо,
Чурт хилла лекхачу ломал
Сирла ц;е йуьсур йу хьан.
25. 04. 26ш.


Рецензии