Ирсе гойла даим ваша

Йишин ваша веза хиларх
Лаьцна гуттар дуьйцуш лаьтта,
Шен сил ч1ог1а цун и везарх
Тешар - ду вай массер декхар.

Кинижкаш а йо цун ч1аг1о,
Туьйранашца марзо йалхош,
Жайнашца а тоьшалла до,
Йиши безам цаьрца белхош.

Йишин дагчохь ваша - аг1о,
Вешин дагчохь йиша - ч1аг1о,
Жимма собаре вай хилча,
Гуча йолу церан марзо.

Дахаран цу сихаллонгахь,
К1адвеллачахь, собарх воьхча,
Хила тарло ваша г1ири,
Амма ю и дега къайле.

Хьо ма ю цун нанас йинарг,
Хьоа цхьанна Нана йолуш,
Жимма цунах кхета хьажа,
Шай гергалло хьалха харжа.

Йишин ваша веза хета,
Цуна меха хум ца хета,
Цундела шай йовхо ларйе,
Нанас кхиийн марзо ч1аг1йе.

Ирсе гойла даим ваша,
Ма дог1ийла и воьхна де,
Лела некъаш маьрша хуьлда,
Хир ю йишин ойла сирла!

01.10.26шо


Рецензии