Дикачу доттаг1чуна, хьешана Маликина лерина
Ала хазнаг шеца долу,
Дерриг дийцарш шеха дитна,
Хеназ къайла яьлла йолу.
Дика амал, дега йовхо,
К1еда мотт а багахь болу,
Оьзда г1иллакх довзийтана,
Гена дели мерза адам.
Хаза доьзал шеха битна,
Цаьрца хаза г1иллакх дитна,
Къайла йели хьоме доттаг1,
Ша даглеца меттиг битна.
Декъал хила, хьо, сан доттаг1,
Дега лазам, сина хьаша,
Тхуна санна ч1ог1а йезаш,
Хьо т1елаьцна хуьлда Дала!
Хьоме Малик, дика адам,
Хьан д1айахар ду цхьа башха,
Амма хьуна йезна марзо,
Вай к1енташа д1а ца тесна!
01.10.26шо.
Свидетельство о публикации №126100103311