Нохчийн йо1
Хийла нохчийн ловзар, синкъерам, белхи и шена чохь гина ду.
Г1ург1езан лакхахула лелар санна, нохчийн йо1, хьан сий лакхахь хилла ду.
Нохчийн лаьмнаш, пепнаш, "Терк" хийла, цунна теш хилла, лаьттина ду.
Нохийн йо1, хьан эсала хилар - и нохчийн зудчуьнан аматах амат ду.
И х1оразза дец1ахь, мерац1ахь, ламаст хилла, хьоьгахь хилла ду.
Нохчийн йо1, хьайн доьзалан дуьхьа, лено санна хало ловш, хьо къахьегна йу,
Ткъа тхо цунна теш ду, зама теш а йолуш, и тхан б1аьргийн сурт ду
Свидетельство о публикации №126092504692