Хеда-хьаьжа
ХЕДА - ХЬАЬЖА
1адатца дог1у вайн дикалла йовзийтар,
Вайн оьзда г1иллакхаш махкана довзийтар.
Лаьтта т1ехь мел йеха, хьоьх масал оьцуьйтуш,
Йехар йу, хьан оьзда г1иллакхаш довзуьйтуш.
Йац и хьан дикалла цхьандийно гайтина,
Хьо лела урамаш беркатах дехкина,
Буьллу ког экаме, олу дош эсала,
Кхуьучу мехкаршна масал ду вайн Хеда.
Ден, ненан доьзалехь йоккхахйерг хиларна,
Ц1ийна дукъ т1елаьцна жималла йаьлла д1а,
Ийманах буьззина шен кийра хиларна,
Цуо оьзда г1иллакхаш марзхошна гайтина.
Ламазца, мархийца гергарло ч1аг1дарна,
Совг1атна Вайн Дала Хьаьжийн Ц1а кхайкхича,
Элчанна Ровзатехь йаьккхинчу хенаца,
Беркатах кхетта и вайн мехкан йижаршца.
Махка ц1айирзича Шелара маьждиг чу,
Жама1ат ламазе уьш схьа а кхайкхина,
Вайн Дела цхьаъ варца, Мухьаммад (с.1.в.с) бакъварца,
Дуьненна, Бусулба дин марздар дийхира.
Къаьмнашлахь барт боьхча къинхетам бе бохуш,
Вай Деле Мухьаммад (с.1.в.с.) орцанца вийхира,
Васийлат дарже вайн Пайхамар (с.1.в.с.) кхачавар !!!
Ламазехь до1анца Аллах1е дийхира.
Доьхначу цу дийнахь Махьшаран Майданехь,
Шафа1ат да хилла Мухьаммад (с.1.в.с) вехарца,
Айъинчу куьйгашца, боьлхучу б1аьргашца,
Цу хазчу тобанца даггара дийхира...
Лааркха даггара декъал йан вайн Хеда,
Диканаш даржадан кхоьллина и хета.
Йехийла, Аллах1ан диканах ца хедаш,
Сих-сиха беркате тойнехь вай цхьанакхеташ.
27.10.20ш./ 17.09.26ш.
Свидетельство о публикации №126092105236