ЙО1Е

Раиса Абубакарова - Джабаилова.

           ЙО1Е

Сан 1уьйренийн хазна йу хьо,
Сан суьйренийн синтем бу хьо,
Сан Дахаран кхане йу хьо,
Дала делла сан ирс ду хьо.

Сан дог доьхча дог хьаьстина,
Б1аьргех дуьйлу хи сацийна,
Дуьненах дог ца диллийта,
Совг1ат ду хьо Дала дина.

Ас 1уьйренца йехна йу хьо,
Ас суьйренца йехна йу хьо,
Дуьне, эхарт кхоьллинволчу
Ас вайн Деле йехна йу хьо.

Хьан 1уьйренаш хуьлда маьрша,
Хьан суьйренаш хуьлда сирла,
Йишех, вешех хьега ца йеш,
Токхе, ирсе дахар хуьлда.   

Сан б1аьргех схьадаьлла хи ду,
Сатийсарца лезна дог ду,
Дег1ачуьра мерза са ду,
Дала царех йина хьо йу.

04.09.26ш.


Рецензии