Зумсойн мохк
ЗУМСОЙН МОХК
Кийрара мерза са, дели хьо т1ома,
Сирла б1аьрг тохарца кху Зумсойн лома.
Къиэжделла лаьмнаш гуш, исбаьхьа хьаннаш,
Мел гинарш хьул а деш, тийналлехь лаьтташ.
Аьрзунах тарйала лааркха суна,
Ког билла йишйоцче т1екхача хьуна.
Мохк бовза, замано баьккхинарг къайла,
Йурт йовза, къизалла 1ийшинарг хийла.
Лааркха х1оранна х1усаме кхача,
Чам боккхуш баъалц шун х1усамехь кхача,
Тахкадан турпалхой кхиийна ага,
Ца дуьтуш къизачу ц1ергахь и дага.
Дависа, д1аэца хьоьгара бала,
Т1ом бохьуш баьхкинарш - махкаха баха...
Зумсойн мохк, хийла к1ант хьо ларбеш воьжна,
Турпалхой ца хилла, хьан сий ца доьжна.
Хийлаза латаршца хьо баккха г1ирти,
Махкаха дахарца къизалла гайти,
Шира йурт йаьгначохь хьан х1у ца дайна,
Керла йурт кхуьуш йу, халонаш лайна.
Зийарташ лаьттина беркат ца дайна,
Кешнаш а дохийна хьан бух ца байна,
Йуьртахь к1ур ца байта къонахой хилла,
Йурт хазйан куц хаза мехкарий кхиъна.
Зумсойн йурт кхиалахь хьалхачул йуькъа,
Даржадеш хьайх беркат махкахь а дуькъа,
Ма гойла кхин цкъа а харцоно чехош,
Гойла хьо йахь йолу йуьртахой дебаш.
09.09.26ш.
Свидетельство о публикации №126091404359