Дов даьлча
Доттаг1чуьнца цкъа дов даьлча,
Сингаттаме хуьлу со.
Сихаллехь цхьа вуон дош аьлча,
Аса бехке лору суо.
Тхойшиннан дар-дацар хилча,
Книга а ца йешало.
Буьрка эцна араваьлча,
Цунах со ца ловзало.
Сан дог-ойла готта хуьлу,
Дог а хуьлу г1айг1ане.
Бертахь хилар коьртаниг ду,
Дов ца тоьттуш кханене.
Свидетельство о публикации №126081803934