Перевод песни Жанеты Минтаевой Ты любовь моя

Вола со йолча,сан безам,
Дог хьоь хьоьжуш ду,
Х1ора де, х1ора хьажо б1аьрг
Хьо даглоьцуш ду.

Хьо сан безам бу даимна,
Со хьоь кхойкхуш ю,
Хьо сан безам бу даимна,
Со ахь йиц ма йе.

Хьо воцуш, са боданехь ду
Йа дог  доьлхуш ду,
Со йолча хьо кхи цкъа ваг1ахь,
Дог сан г1оттар ду.

Хьо сан безам бу даимна,
Со хьоь кхойкхуш ю,
Хьо сан безам бу даимна,
Со ахь йиц ма йе.

Хьан йовхо ас къуйлу кийрахь,
Йисча тийналлехь,
Б1аьрг тухуч минотехь юха
Кхочу хьуна т1е,

Хьо сан безам бу даимна,
Со хьоь кхойкхуш ю,
Хьо сан безам бу даимна,
Со ахь йиц ма йе.
Керла де вайн кхин цкъа делча,
Хьо цхьаъ ган йиш йолш,
Ирс хир дар вай даимна цхьана,
Кхоллам цхьана болш.

05.08.26шо


Рецензии