Безам ца бевзина дог
Шаьлтан иралла ца йевза ботт санна,
Зезегаш ца кхуьу г1умлатта санна,
Безам ца бевзина дог хуьлу деса.
Безамах цкъа мукъне дуьзна ца хиллехь,
Синтемах даьлла дог кхихкина дацахь,
Чохь дукха къийлина безам шелбеллехь,
Хьогалла ловш хир ду деса дог кийрахь.
Свидетельство о публикации №126080303727