Дош

Дош- лазам, дош - дарба,
Дош-герз, дош-молха,
Дош-зулам, дош-бахам,
Дош- лай, дош - эла.

Сихо йинчахь бу и лазам,
Чов хиллачахь дарба  а ду,
Дов дезачахь хуьлу герза,
И дерзочахь молха  а ду.

Питан дечахь ду и зулам,
Хьекъал долчун бахам бу,
Шена лиъча во цо лай хьоьх,
Ша ца хьедахь, эла а во.

20.07.26шо


Рецензии