Ду и деза Жовхар

Муьлхха бахьна хоьттина, хьо ненах къаьстан йелахь,
Делахь йинчу нена сий,цун т1е некъаш делахь.
Ма алалахь г1елйелла йа ца кхуьуш лела,
Нана ахь хьайх хьегинехь, реза хир вац Дела.

Нагахь генахь  хьо йелахь, ду уьш рицкъан белхаш,
З1аьне йалий айба са дийнахь шозза Нена.
Ю и хьоьхха кхетар ерг, к1орге ахкар доцуш,
Ду цуьн ховха, к1еда дог,цхьа а мекхалл йоцуш.

Бу и уггар мерза стом,бац цулл мехалл бахам,
Мара къовлий, йаккха барт,хила лаахь декъал.
Хьайна къинт1ир йаккха и, доггах дохко йалий,
Кийрахь лаьттар йол хьа ц1е хир ю йогу аре.

Муьлхха бахьна хоьттина  Нанна ахь васс йинехь,
Ю хьо цуна жоьпаллехь, жимма ойла йелахь,
Нана цхьаъ бе цхьанне яц, ду и деза Жовхар,
Цун т1ехотта йита йоьхь, еъна кхаьчча 1ожалл.


29.07.26шо


Рецензии