Аьхкенан дог1а

Геннара схьа 1аьржа мархаш,
Лоьхкуш, махо схьагулйи.
Бода беъна, стигал 1аржйеш,
Буьйса йоьсси моттийти.

Кхуьйсу суйнаш, йетташ ц1ераш
Стигла цоьстуш, детта ткъес.
Къерош кегий берийн дегнаш
Леста стиглахь ц1еран кхес.

Лерса къардеш йаьлла г1овг1а,
Дуьне дат1ош хетара
Т1етт1а ч1аг1деш дог1а-совг1ат,
Стигал охьайилхира.


Рецензии