Лизин г1ан
Батто 1амчохь некъ биллина.
Лизин ког ца т1адош хино,
Д1ехьа, сехьа и йийлина.
Лаьмнаш гонд1а гина лаьтташ,
Къоьзан 1ам сахиллалц ларбеш.
Малхо г1оттуш хичу хьоьжуш,
Дашо з1аьнарш 1ам чохь лийчош.
Лизас самах дега дехна:
-Къозан 1амт1е со йигахьа.
Ламчохь хаза ду ма боху,
Инзаре 1ам хаза буьйцу.
Дас йигира Лиза ламчу,
Йехха хьийжира и 1амчу.
Цунна гира ч1ерий ловзуш,
Мархаш йара хи чохь луьйчуш.
Дуьне хиларх дукха доккха
Хьоме ду Даймахкан латта.
Г1енахчулла 1алам тайна,
Дезаделла йоь1ан дагна.
Свидетельство о публикации №126072300065