Тунтаев Рустамна лерина
Бохуш баккхийчеран кица ду.
Дуьне мел ду некъаш ахь идорах,
Хьан йахь йацахь, хьо эшамехь ву.
Къонахчуьна дог хьан кийрахь 1иллахь,
Мискачунна ца тохарца букх,
Хаълахь, сан ваша, хьо декъала хилла,
Хьан аьтто беш хьо Кхоьллинарг Ву.
Цун тоьшалл деш хьан дикалла лела,
Хьан адмаллийн хадо доза дац,
Ахь тийналлехь дина хийла г1улкхаш,
Терго йоцуш Дала дуьтуш дац.
Сийлахь Нохчо, тоьлла волу къонах,
Дикчу деха ваьлла дика к1ант!
Накъосташ а ву хьо даггар лоруш,
Хьо ца лара цхьа а бахьан дац.
Дика накъост, тоьлла къонах, доттаг1,
Рустам,хьуна леран ю х1ар байт!
Х1ора ламаз дерзош, хьан ц1е йаккхар
Ас т1елаьцца, дагца къобал деш.
Кхуьийла вайн юкъахь ишта к1енти,
Иман, хьекъал, кхетам шайца болш,
Дозаллийца кийрахь дог ду ловзаш,
Х1ар Рустам Тунтаев вайниг волш!
23.07.26шо
(Доттаг1чуьна Амаев Аслана дехарца)
Свидетельство о публикации №126072304810