Байташ
1алаш ве Далла хьо массо а вонах,
Велахь а вацахаь а, хьо цхьанне нуц,
Ма хила бен-башха доцуш хьаьйн куц.
Берзанчу когаш т1е тудараш туьйдан,
Ара ма вийлалахь 1уьйран, йа суьйран,
Тай тоьхна санна ша, нисса йе воарт,
Йа ц1енна д1абаьшна хилийта коарт.
Ма ала-д1ахьажа цулле хьаьйн хот1е-
Ас дуьйцург лела де, лела дирг ма де,
Дуккха бу къонахой вайна масална.
Ма хила баст белла ба1ара санна.
"Байташкахь" г1алаташ ма леха, асам
Кхайкхош берг хиларна сан дега лазам,
Тешна ву Сийлахь верг! Ца оьшу барам
Ша нохчо кхоалларна бечунна ларам.
Свидетельство о публикации №126071300229