Б1аьсте йоьсси Нохчийчу

Бошмаш йуьзна теси заза,
Б1аьсте махка йоьссича.
Хуьлу дуьне вуно хаза,
Бай т1ехь зезаг техкича.

Ловзуш долчу берийн г1овг1а
Дог деладеш, тамехь йу..
Маьлхан з1аьнарш 1ена ховха,
Б1асте иштта аьхна йу.

Тулг1е керчош хьаьдда татол,
Гуо т1адийна цинцашца.
Мало ца йеш дашо малхо
1алам хьоьсту з1аьнаршца.

Ч1ег1ардиго бен кечбина,
Доккхадарца хьоьгуш къа.
Дахар хестош шен иллица,
Х1аваъ цоьсту т1емашца.

Дерриг  1алам къон а дина
Баьццара басе дерзийна.
Вайн Нохчийчу б1аьсте йеъна,
Ирсе хьал д1ах1оьттина..


Рецензии