Йахь йолу леймо

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

ЙАХЬ ЙОЛУ ЛЕЙМО

Соьлжа хи - Хизир хи хилла,
Ца йуьтуш меттиг ког билла, 
Орца ду и хи чохь  лоьхуш,
Г1алг1ай к1ант вайн Деле воьхуш.

Дуьнено шех масал иэцна,
Бусалба наха г1о лаьцна,
Адамаш  г1айг1ане хилла,
Ца туьгуш лела дог дилла.

Жима ву, ницкъ бац, -  ца олуш,
Турпалхо, - йуха ца волуш,
Цунна-м вай-х г1о оьший !.. - аьлла,
Т1аьххьара и хи чу ваьлла.

Йахь йолчу нахана хезна
И дешнаш ца диси тесна,
Барх1 дийнахь, бусий к1ант лехна,
Карийна, - саг1анаш даьхна.

Йоца хан вай Деле йехна,
Хизир хьо хиллера веъна.
Къаьмнашлахь ч1аг1 йина марзо,
Д1аваха, эккхийна харцо.

Йахь йолу турпалхой беха,
Лар йуьтуш дуьненчохь йехха
Вежарий цхьаъ хилар  гайти,
Нохч-Г1алг1айн ц1е цуо ца йайти.

Хан-зама мел гена йаларх,
Нохч-Г1алг1айн къам цхьаъ дац бахарх,
Вуон-дика  дерзадеш гойту,
Вежарша орам ца бойтуш.

26.06.26ш.


Рецензии