Самукъне къаналла
САМУКЪНЕ КЪАНАЛЛА
Хенаца деригге д1анислуш хилла,
Цамгарш а диканна Дала луш хилла;
Цуо склероз хьох тохахь - цатемаш бицло,
Б1аьраса д1аиэцахь - харцонаш ца го,
Хьан голаш лазайахахь - х1айт алар дицло,
Ткъа цергех хьо ваккхахь - 1амал йар нис ло,
Лераса д1аиэцахь - къийсамаш бицло,
Къийсамаш ца хилча - вовшашца тарло.
Ойлане ваьлча хьо, - цамгарш йац зене,
Кхера ма кхералахь вала цу хене. ;
25.06.26ш.
Свидетельство о публикации №126070108457