Таллам

Раиса Абубакарова - Джабраилова.
 
        ТАЛЛАМ

Генарчу геналлехь дисарна довза йиш йоцург,
Шен къоман селхане теллина,  х1отта ницкъ боцург,
Таллам бан йиш хили. Хьал-дахар хийци вайн Дала,
Цундела - БаркАллах1! - деза вай тахана ала.

Йиш йу хьан маршонца  дайн лорах орамаш талла,
Вовшех з1е х1отта а,  ширачу некъат1е ваьлла,
Бакъонаш хедийна, х1инцалцца  лайна ахь бала
Д1аоьцуш йеъначу заманна - БаркАллах1! -  ала.

Йохийна лаьттина Дайх йисна б1евнаш йу йуттуш,
Къоман сий дожийна харцонаш йу тахна луьттуш,
Йахь йолчу Нохчаша къийсинарг довзийти Дала,
Даккхийдеш, - БаркАллах1! - бакъонаш йастарна ала.

Даймехкан турпалхой бовзийтар - жайнашка дуьллуш,
Бойсг1аран ц1ийнахберш т1егулбеш з1енаш йу х1уьттуш,
Буохамах ийзалуш, - нохчаллах, къомах ца вала
Ницкъ кхаьчна хиларна, - БаркАллах1! - ду цунна ала.

Къоман т1ехь лайн амал ца йита цуо лайна бала,
Меженех ваьлла и, ца лиъна маршонах вала,
Сийсаза вина и, йамарт ву махкана ала ,
Талламна - БаркАллах1! - нийсо йи Везачу Дала !..

22. 06. 26ш.


Рецензии