Дагахьбаллам

Раиса Абубакарова - Джабраилова .

ДАГАХЬБАЛЛАМ

Шийла кхаъ кхачарна, йоьхна йу  тахана ойла,
Йаьржина йисина, - сан даго и бакъ ца деш.
Лераме тхан ваша, эхартахь хьо декъал войла,
Бакъ хили-кх йиш йоцург ... - лаьтта со ойланаш йеш.

Бакъ хилла дели хьо дахарехь кхин гур вац бохур,
Тхан лере кхочур дац лераса хьостуш хьан аз,
Д1адели, кхул т1аьхьа  ахь суна сагатдер -  бохург,
Сатуьйсуш, цкъа гаре йаздина цхьа жайна ас.

Бехке йу, ца хии хьо лацар 1ожаллийн матто,
Ца хези т1аьххьара весет деш ахь олу дош,
Ца ги хьо, сан ваша, хьулвеш д1акъовлале латто,
Вай Дала Гечдойла! - ца эли барам т1ехь хьош.

Лахьтийн чоь хуьлийла къегина, дег1ана аьхна,
Барт хаттар дайдина оьцийла Дала хьо т1е,
Дог1анах йоьлхуш йу Атаг1а, Хьамзат, хьо ваьхна,
Дегнашчохь йуьсур йу хьайх сирла ахь йитна ц1е.

22.06.26ш.


Рецензии