Хьуьнан кхор

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

ХЬУЬНАН  КХОР

Кхерсташ йу ойланаш т1ома а йевлла,
Ца кхеташ хьийза уьш шуьйра гуо туьйсуш.
Буохамаш, баланаш мичара бевлла?
Хьийза уьш сан коьртехь, мел гинарш луьстуш.

Хийлаза аьттуонаш, халонаш хуьйцуш,
1ийнера дика-вуон вовшашца доькъуш.
Ца лайнарг, ца тайнарг вовшашка дуьйцуш,
Кийрара баланаш вовшашца боькъуш.

Мерза дош лелара бала д1аоьцуш,
Синтем луш, чов йерзош эсала хьоьстуш.
Ницкъ кхочу барамехь вовшен дог оьцуш,
Дог доьхна хьевзича деган чов йостуш.

Цу хенан 1алам а цхьа башха тайна,
Хьийкъина кхуьура бешахь д1айийнарг.
Аренаш лелийна, халонаш йайна,
Гуьйренца чудерзош шен куьйга дийнарг.

Дагабог1у, буракаш лелочу йуккъехь,
Хьуьнан кхор лаьттина даржийна генаш,
К1адвалар дицлора кхурана йуххехь,
1индаг1ехь дийшадой дуьтура бераш.

Къахьоьгу нахана делкъе йан аьлла,
Къахеташ, Дала кхор кхиъийна хилла.
Ткъа х1инца бисина и хан д1айаьлла,
Т1евог1уш стаг воцуш, кхор бакъабелла.

Буракаш хиллаче наха к1а дийча,
Кхураца гергарло хеди уьйр йоцуш,
Ткъа иза-м лаьттира сагатдеш тийна,
Марзонаш хилла хан дага а лоьцуш.

Берашна кхиъийна стоьмех н1аьна кхийти,
1индаг1а латтийна г1аш охьаийги,
Шех беркат эцна хан д1айаьлла - хийти,
И ца товш, бакъалуш цуо хало хьийги

Чурт санна лаьтта кхор   бакъа а белла,
Шен хенахь нахана шех беркат даьлла,
Х1инца цу нахана иза-м бицбелла,
Схьагарехь цу неха дегнаш дакъаделла.

Вовшашна т1ех1иттар царна дицделла,
Дайш лелош йисина марзо д1айаьлла,
Цундела баланаш нехан совбевлла,
Дозанаш х1иттадеш уьйраш а хедда.

14.06.26ш.


Рецензии